7
  • Презентации
  • Презентация по чеченской литературе Хасмохьмад Эдилов

Презентация по чеченской литературе Хасмохьмад Эдилов

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание:

1
Кечйина: Презентаци кечйинарг Грозный-г1алара №1 йолу гимназин хьехархо Дудар...
Кечйина: Презентаци кечйинарг Грозный-г1алара №1 йолу гимназин хьехархо Дударова Марита А. Эдилов Хасмохьмад
2
Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шеран 16 ноябрехь Нохчийчоьнан Ачхо...
Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шеран 16 ноябрехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВалартIехь ахархочун Эдалан доьзалехь.     Эдилов Хасмохьмада юьхьанца цIахь дешна. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1936-чу шарахь хьехархойн училищехь а, тIаккха Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан дешаран комиссариатехь йиллинчу политпросвет школехь а дешна цо. 1941 – 1944 шерашкахь  Эдилов Хасмохьмада белхаш бина Халкъан дешаран комиссариатехь школийн инспектор волуш а, республикански Халкъан кхоллараллин цIийнан инструктор волуш а, Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а. Дуккха а тIаьхьа чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада Нохч-Галгайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени. Нохчийн халкъан барта кхолларалле чIогIа шовкъ йолуш хилла Эдилов Хасмохьмад. Цо дукха ешна къоман барта произведенеш, цаьргахула веана лорура цо ша исбаьхьаллин литературе а. Ша яздан волалуш Мамакаев Iаьрбис  чIогIа гIо дина шена олура цо. Поэзехь шен хьехархо  а  лорура цо и нохчийн гоьваьлла волу поэт Мамакаев Iаьрби. Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волчу хенахь. Амма шина-кхаа шарахь а шен стихотворенеш зорбане ца елла цо, уьш ледара хеташ. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбанехь араяьлла 1939-чу ша­рахь. Кхолларалла а, Дахаран некъ а
0
 
Благодаря этой рекламе сайт может продолжать свое существование, спасибо за просмотр.
3
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира “Ф...
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира “Фашисташна дуьхьал стихаш” цIе йолу книга. Оцу книги тIехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна яра Эдилов Хасмохьмадан масех стихотворени а. Уьш яра: “ТIемало –хьоьга!”, “БIаьрзе стаг”, “Кавказан аьрзу”, “Суьрте”. «Кавказан аьрзу», «Суьрте» цIерш йолчу стихотворенешкахь Эдилов Хасмохьмада хIоттийна вайн Даймехкан сийлахьчу кIентан Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин васт. Нурадилов Ханпашас шен къона дахар дIаделла Даймохк ларбеш. Ханпашина дукха безара ша кхиийна Даймохк, цуьнга ца лалора фашистски йовссарша иза аьшнашбеш. Шен лаамехь фронте вахана волу Нурадилов чIогIа летара мостагIех, цаьрга болчу цабезамех дуьзнера цуьнан майра дог. Луьрачу тIамехь цхьа эзар гергга фашист вожийра турпалчу пулеметчика. Поэта исбаьхьаллин васт хIоттош билгалдоккху къоначу тIемалочун бIаьхаллин хьуьнарш, Даймехкан а, халкъан а дуьхьа цо шен дахар дIадалар. Нурадилов Ханпаша шен са кхоош а, Iожаллех кхоьруш а вац. Иза Даймахкана орцахваьлла, хьашт хиллачохь Iожалла тIе эца кийча ву. «Ша винчу халкъана дахар дIаделла, герзаца Iожаллин тIаме дIахIоьттира» − боху стихотворени тIехь.
4
Лирически турпалхочун кхоллам Даймахках, Лаьттах дIакъасталур боцуш бу. «Турп...
Лирически турпалхочун кхоллам Даймахках, Лаьттах дIакъасталур боцуш бу. «Турпалхойн могIарехь» шен Iожаллин сахьт тIехIоьттича а, бовхачу безамах юьззина йолчу сирлачу ойланца боху цо»: «Чурта тIе яздан хьан баркалла оьшу, ирс къуьйсуш веллачун сий делахь, Латта!» Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Казахстанехь цхьана муьрехь юккъерчун школехь хьехархо хилла Эдилов Хасмохьмад. Цул тIаьхьа цхьацца бахамаллин меттигашкахь  белхаш  бина цо. 1955-чу шарахь  Алма-Атахь нохчийн маттахь арахеца долийна «Къинхьегаман байракх»  цIе йолу газета. Оцу газетан редакцехь литературни белхахо хIоттийна Эдилов Хасмохьмад. Деган айамца болх бина цо газетехь.  “Къинхьегаман байракх”   тIехь кест-кестта зорбатухура нохчийн яздархойн произведенеш, керла очеркаш, дийцарш, стихотворенеш тIехь йолуш кечйора динна литературни агIонаш. Нохчийн яздархой кест-кеста гуллора газетан редакцехь, йийцаре йора керла произведенеш. Эдилов Хасмохьмадан поэтически говзалла кхиарехь мехала хан хилла иза. Поэта оцу муьрехь а язйина алссам произведенеш. Царах ю: «Даймехакан байракх», «Ненан ирс», «Билгало», «Буьйса», «Машаран урам», «Бер дийна нана», «Алжирка»,  «Дацоран байракх», «Апрелан буьйса», «Или», «Ло догIуш», «Бетпак-Дала есаллехь», «Ма кховдаде лазар». Тайп-тайпана чулацам бу оцу стихотворенийн, амма уьш массо а поэтан стихан говзалла шайца гучуйолуш ю. Масала «Или» стихотворенин строфаш: Илли кхобу шанийн бено, ТIулгийн матто ловзадо. Лаьмнийн бердийн апарино Iуьйдуш санна гIовгIа йо. Цинцаш детташ я мотт хьоькхуш, ТIулган пенаш къегадо. Шен гIовгIанца Iаннаш декош, ОьгIазе кхес гIиттайо. Цу гаттонехь арадолий, Цо шен чабол йохайо. Кхаьчча санна дикчу хьоле, Кура болар доладо.
5
Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера стихотворенийн книга араяьлла 1958 шарахь Но...
Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера стихотворенийн книга араяьлла 1958 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь. “Октябран серло” цIе йолу и сборник суперобложка а йолуш, хаза кечйина яра. Поэтан 45 стихотворений, шиъ поэмий яра цу тIехь зорбатоьхна. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахьлера а, цул тIаьхьа махках ваьккхинчу хенахь Казахстанехь язйина а стихотворенеш  яра сборника юкъаяхнарш. «Турпалхо», «Сийлаха» цIерш йолу поэмаш а яра. «Турпалхо» поэма теллинчара билгалдаьккхина иза «идейни чулацам кIорга хиларца, исбаьхьаллин агIонхьара дика хиларца, говза композици йолуш хиларца къаьсташ ю» аьлла. Оьрсийн Iилманча-геолог, географ Иван Васильевич Мушкетов гайтина поэми тIехь. Иза Казахстанан мохк толлуш, иза Iилманца цIинбан Iалашо йолуш ву. Мушкетов санна болчара шайн хьаналчу къинхьегамца караерзайо хьалха эрна лаьттина гIамарийн аренаш, йохку керла заводаш, лаладо болат, кхиабо бамба. Уьш бу заманан турпалхой, цара кхуллу керланиг, хаздо дахар. Къинхьегаман турпалхочунна хастам бо поэмин говза кхоьллинчу стихашкахь. «Турпалхо» поэма Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллехь лиро-эпически жанр кхидIа а кхуьуш хиларан билгало яра. Стихийн, поэмийн хьалхара сборник араяьллачул тIаьхьа цхьа– ши шо моссаз дели керла книгаш арайийлина поэта. Царах ю  «Лаьттан цинц», «Ненан безам», «Дуьненан юкъ», «Кханенга воьду», «ДоттагIийн дош»,  « Заманан лараш», «Баьццара алу», «Деган доккхадер», «Сан ирс», оьрсийн маттахь «Улица мира», кхийолу а поэтически книгаш. Поэзин эпически жанрехь кхиамца болх бина Эдилов Хасмохьмада. Зорбанехь арахецна цуьнан “Шиннан къайле”, “Аьчган борз”, “Турпалхо” цIерш йолу поэмийн сборникаш. Дика тIеийцира яздархочун прозехь язйина произведенеш: повесть “Кхиэл”, дийцарийн сборник  “Акхаройн лорах”.
6
Эдилов Хасмохьмадан кхолларалла шуьйра чулацам болуш ю. Иза нохчийн къоман да...
Эдилов Хасмохьмадан кхолларалла шуьйра чулацам болуш ю. Иза нохчийн къоман дахаран дозанашкахь сецна вац. Тайп-тайпанан мехкаш, тайп-тайпанан дахаран хьелаш го вайна цуьнан произведенешкахь. Яздархочун турпалхой тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бу: нохчий, оьрсий, казахаш, гуьржий, украинцаш, алжирхой, немцой. Исбаьхьаллин дешан кIорггера говзалла яра Эдилов Хасмохьмадан. Къоман барта поэзина  тIе а тевжаш, шел хьалхарчу  нохчийн яздархошкара мехалниг схьа а оьцуш, шен исбаьхьаллин некъ биллина цо литературехь.   Эдилов Хасмохьмадан стих нохчийн поэзин ламасташца йогIуш ю. Поэтически сурт кхолларан гIирсашца, маттаца, исбаьхьаллин басаршца чолхенаш яц, чуччахулу даьхна хIумнаш дац. Цуьнан произведенеш гIиллакх-оьздангаллин проблемаш ойбуш, дахаран кIорггера ойла йойтуш ю. Доккха гIуллакх дина  Эдилов Хасмохьмада кхечу къаьмнийн литературин произведенеш нохчийн матте йохуш а. Цо гочйина луларчу къаьмнийн а, ойрсийн а поэтийн стихаш. Нохчийн матте яьккхина М. Ю. Лермонтовн «Измаил-Бей» цIе йолу поэма а, дуккха а кхийолу цуьнан стихотворенеш а. Эдилов Хасмохьмад кхелхина 1991 шеран 11 ноябрехь Соьлжа-ГIалахь. Эдилов Хасмохьмада шен исбаьхьчу произведенешца мехала хазна йиллина нохчийн къоман литератури юкъа.
7
Баркалла!
Баркалла!
 
 
X

Чтобы скачать данную презентацию, порекомендуйте её своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить презентацию