- Презентации
- Презентация по чеченской литературе на тему «Сан хьоме нохчийчоь» В. Баширов (4 класс)
Презентация по чеченской литературе на тему «Сан хьоме нохчийчоь» В. Баширов (4 класс)
Автор публикации: Катаева М.А.
Дата публикации: 11.04.2016
Краткое описание:
1
1.Маршалла хаттар. 2. Ц1ера болх таллар. (Дешархоша схьадуьйцу С-Хь. Кацаевс яздина “Машар» дийцар).
2
3. Мотт шарбар. Жовза, Жовза, Сахьтан цамза хьовза. Сиха ма хьийза, Хьан кортахьийза. -Д1аеша байт меллаша. Еша чехка.
Благодаря этой рекламе сайт может продолжать свое существование, спасибо за просмотр.
3
4. Учебникан керла дакъа довзийтар. -Бераш, вай тахана долор ду учебникан кхоалг1а дакъа «Вайн республика-Нохчийчоь». Стенах лаьцна хир ду иза? (Берийн жоьпаш). -Муьлха произведенеш евзар ю вайна оцу декъа т1ехь? («Сан хьоме Нохчийчоь» В. Баширов, «Декалахь, сан илли…» Ахмадова Т., Алиев 1. , «Пасха» С. Яшуркаев, «Ас стеган ирс лору» Б. Дикаев.
4
Дезна суна лекха лаьмнаш Лаьмнех дуьйлу шовданаш. ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш, Сан Даймахкан аматаш…
5
Хьомсара сан Даймохк Суо ирсе хета, Хьо мел бу вехаш ву Дуьненчохь со. Хьуна мел кхоьссинарг Сан дагна кхета, Сан дог а лазадо Лазийча хьо…
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
5.1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор. -Д1аелла учебникан 49 –г1а аг1о. Муьлха произведении евзар ю вайна тахана? -Мила ву цуьнан автор? -Стенах лаьцна хир ю и? -Х1ун болх бан дагахь душ у иза дика 1амо? -Вай тахана йоьшур ю В. Башировс язйина «Сан хьоме Нохчийчоь» ц1е йолу произведени. Шуна 1емар ду Нохчийчоьн хазалла ган , цунах дозалла дан.
21
6.Керла тема хьехар. Хьехархочо д1айоьшу В. Башировс язйина «Сан хьоме Нохчийчоь» ц1е йолу стихотворени. Чулацамах лаьцна къамел дар. -Хьанга деш ду къамел яздарочо? -Х1ора дакъа чакх долуш муха вистхуьлу иза Нохчийчоьнга? -Х1ун ю цо хестош ерг? -Х1ун боху цо Нохчийчоьнан хазаллех лаьцна хьалхарчу декъехь? -Х1ун хестайо цо шолг1ачу декъехь? -Стенах дозалла до цо кхоалг1ачу декъехь? -Х1ун боху цо вайца дехачу къаьмнех лаьцна? -Стенца юсту цо Нохчийчоь? -Шу реза дуй оцу дешнашна?
22
7. Сада1аран миноташ. Маьлхан серло яржале - Цхьаъ - шиъ - кхоъ, Г1енаш лахка, човхаде - Цхьаъ, шиъ - кхоъ. Йиша,ваша г1аттаде -Цхьаъ -шиъ - кхоъ. Физзарядкайолае -Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.
23
8. Керла тема кхин д1а а хьехар. Бераша д1айоьшу В. Башировс язйина «Сан хьоме Нохчийчоь» ц1е йолу стихотворени. Нийса , авторан дог-ойла гайтарца еша 1амор.
24
9. Рефлекси. -Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун ду шун ницкъ ца кхаьчна дисинарг?
25
10. Жам1 дар. -Муьлха произведении йийшира вай? - Мила ву цуьнан автор? - Стенах лаьцна яра иза? - Х1ун дог-ойла ю хьан цунах лаьцна?
26
11. Ц1ахь бан болх балар. 1. В. Башировн «Сан хьоме Нохчийчоь» стихотворени дагахь 1амо.