7


  • Учителю
  • План-конспект урока по чеченской литературе на тему'Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь' (11 класс)

План-конспект урока по чеченской литературе на тему'Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь' (11 класс)

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание:
предварительный просмотр материала


Гуьмсан к1оштан

Г1оьрдала-Юьртарчу юккъерчу

юкъарадешаран ишколан

нохчийн меттан, литературин

хьехархо Аюбова Райман Хасайновна


Диллина хьехарсахьт

Нохчийн литература


««Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь,

къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хат1.

«Суна лаьа» стихотворени.»


Хьехарсахьтан коьчал: Хьехарсахьтан план.


Хьехарсахьтан 1алашо: 1.Дикаев Мохьмадан поэтически говзарш т1ехь къоман

яхь, оьздангалла,къасторан башхаллаш къастор.

2.Берийн доьзна къамел кхиор.

3. Даймахке а, шен халкъе а болу безам к1аргбар.

Хьехарсахьтан г1ирсаш: Книга, поэтан сурт.


Хьехарсахьтан некъ:


1. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор:

Маршалла хаттар

Журнал кхочушдар

Керла коьчал йовзийтар.

Гайтаман г1ирсаш кечбар.


2. Ц1ахь бина болх таллар:

  1. Дикаев Мохьмадан дахарх а, кхолларалех а долу хаарш таллар.

  2. «Стеган ц1е» стихотворени йийцаре яр.

3. Керла тема йовзийтар:

  1. « Суна лаьа» стихотворенин чулацам бовзийтар.

  2. Стихотворени ешар.

  3. « Суна лаьа» стихотворенин анализ яр.

4.Т1еч1аг1дар:

  1. 2-3 дешархочо схьабуьйцу стихотворенин чулацам.

  2. Шайна дагах кхетта меттигаш схьаюьйцу.

  3. Х1унда хийтира шуна иштта?


5.Урокан жам1 дар:

  1. Фронтальни хаттарш:

1.Стенах лаьцна дийцира вай х1окху урокехь?

2.Яхь, къоман оьздангалла муха го вайна Дикаевн произведенешкахь?

3. «Къонах» бохучу дешан маь1нех муха кхета вай?

6.Ц1ахь бан болх балар:

  1. Литература 11 класс,516 аг1о.

  2. Дикаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна реферат язъяр.

Хьехарсахьт д1адахьар:

  1. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор:

  2. Ц1ахь бина болх таллар:

Хь. -Де дика хуьлда шун, бераш!

Д. -Диканца дукха ехийла!.

Хь. -Тахана вай д1ахьур ю ненан меттан литературан урок. Х1окху урокехь вай йийцаре йийр ю Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш.Къастор ду цуьнан поэтически хат1. Иштта йийцаре йийр ю «Суна лаьа» ц1е йолу стихотворени.

Хь. -Хьан эр дара, стенах лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь?

Д. -Вай д1аяханчу урокехь дийцира Дикаев Мохьмад Джунаидовичан дахарх а, кхоллараллех лаьцна а, цуьнан «Стеган ц1е» стихотворенех лаьцна а.

Хь. -Нийса ду. Хьан дуьйцур дара вайна Дикаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна?

Д. - Ночийн литературехь хьакъйоллу меттиг д1алоцуш ву поэт Дикаев Мохьмад . Иза вина Бердак1ел ц1е йолчу юьртахь 1941-чу шарахь. Нохчийн халкъ шайн махках доккхучу хенахь кхо шо а кхачаза волу Мохьмад винчу лаьттах къастийна. Генарчу Казахстанан аренашкахь д1аяхна цуьнан бералла. Вайнах Даймахка ц1абирзинчул т1аьхьа цо доьшу цкъа хьалха ишколехь, т1аккха Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Иза кхиамца чекх а йоккхий, аспирантуре деша а воьдий, ша дешначу институтехь хьехархочун болх бо Дикаев Мохьмада.Кхузткъалг1ачу шерашкахь билгалволу иза поэт санна. Дикаев Мохьмад нохчийн халкъ ц1адерзочу, деллачуьра денлучу, меттах1уттучу муьрехь ц1еяьккхина поэт вара. Зорбанехь арайолу цуьнан поэзин кхоъ книга: «Нохчочун х1усам» (1965), «Догу сан дог»(1967), «Деган мерзаш»(1971). Дикаев Мохьмада поэзехь яьхна г1улчаш гинарг а, уьш декъалйинарг а вара нохчийн сийлахь яздархо Мамакаев Мохьмад. Шен аз а, шен хат1 а хиларца билгала вараДикаев Мохьмад. Цуьнан поэзии гергара яра нохчийн халкъан эшаршна. Иза ларамаза а дацара,х1унда аьлча, къоман эшарш д1аязъеш а, уьш толлуш а вара Мохьмад. Хаддаза, нохчийн эшарех лаьцна язбина 1илманан болх а бу цуьнан.

Дикаев Мохьмадан поэзин коьрта теманаш Даймохк, халкъан маршо, ц1ена безам, 1алам яра. Мохьмадан да Жунид Нохчийчохь дика вевзаш пондарча хилла. Цуьнан мукъамашший, ненан узамашший бу поэтан даг чу Даймехкан васт диллинарг. Ша оццул сатийсинчу хьомечу Даймахках, шена дезачу нохчийн халкъах, нене болчу безамах дайн г1иллакхех, ламастех лаьцна дуйцура цо шен стихашкахь. Дикаев Мохьмадан стихех, х1ораннах а аьлча санна, халкъо олуш долу иллеш хуьлу. Дикаевн поэзехь къеггина гуш нохчолла яра. Цо дукха дуьйцу шен произведенешкахь «нохчий» боху дош, дукха хаало цуьнан поэзехь къомах дозаллаш дар. Синойн парг1ато йихкина зама уггар ч1ог1а ч1аг1ъелча цо язйо «Нохчо ву со» боху стихотворени. Лаккхара мах хадийна цуьнан кхоллараллин -иза ву Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан совг1атан лауреат.

…Амма хеназа кхеттачу цамгаро шен дахаран ткъе ткъаессналг1ачу шарахь(эзар исс б1е кхузткъе уьссалг1ачу шеран ткъе уссалг1ачу октябрехь)вайна юкъара д1ахьо мерзачу, аьхначу, дарбанечу дешан говзанча поэт Дикаев Мохьмад.

Хь.- Нохчийн а, оьрсийн а г1арабевллачу поэташа муха т1еийцира Дикаевн кхолларалла?

Д.-Поэтан ша-тайпа пох1ма,цо нохчийн литературе еана керла хьу,шайх пайда эцна суртх1отторан керла басарш, язйинчу произведенийн исбаьхьалла, дешан говзалла,маь1нин к1орге…билгалдоккхуш,цуьнан ц1арах довха дешнаш яздина г1арабевллачу поэташа Твардовский Александра,Тихонов Николайс,Мамакаев Мохьмада а.(…)

Хь.-Ткъа халкъо муха т1еийцира башхачу поэтан байташ?

Д.-Халкъо езаш, даггара къобалъеш йоцчу байташ т1ехь иллеш ца кхуллу, ткъа Дикаев Мохьмадан байтех дукхахъерш, мукъаме а йирзина, иллеш хилла д1ах1иттаро ша-шаха хадабо халкъо цуьнан поэзи т1еэцаран мах.Ткъа вайн дахаран къилба хила гуттар нохчийн халкъалахь даха дисина башломах шовда санна, цуьнан хьаналчу дагах схьадевлла,г1айракхан т1улг санна дуьненчохь ч1аг1делла, къонаха-нохчочун г1ар хьостуш дека дешнаш «Сан Даймохк» ц1е йолчу стихотворенехь.

Хь.-И дешнаш шуна довзуьйтуш «Сан Даймохк» ц1е йолу илли д1аолу дешархоша:

Нанас берахь дуьйна

Суна хьо марзбина,

Хьоьца дагара дуьйцуш

Хийла ойла йина.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Ахь кхиийна, ахь стаг вина ,

Со новкъа велира.

Хьуна гена ваьлча,

Херехь зама яьлча,

Даго лоькху зурма

Суна хьо хетара.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Малх бицбина,

Нур къагийна,

Суна хьо лепара.


Хь. -Ткъа х1инца вай хьалхарчу урокехь йийцаре йинчу «Стеган ц1е» стихотворенех лаьцна х1ун эр дара аша?

Д.- «Стеган ц1е» стихотворенехь дуьйцу, к1ант вина , сакъоьруш 1ачохь ц1е тиллар т1ехь накъостийн бевллачу къовсамех лаьцна а, воккхачу стага шен хьекъалечу дашца царна юкъахь бинчу бартах лаьцна а.

Хь.-Х1ун къовсамаш бара уьш, муха бира воккхачу стага царна юкъахь барт?

Д.-Ша-ша тиллина ц1е дика хеташ, дуьненчоь мел хилла дика к1ант дагалоьцуш, къонахчун ц1е къастош уьш бохкучу хенахь, воккхачу стага элира:

«Ма леха эрна аш

К1антана йоккха ц1е,

Пхийттара валийта

Вайн керла юьртахо,

Цхьангге а ца хоьттуш,

Халкъо ц1е туьллур ю,

Махкана цо дечу

Г1уллакхе хьаьжжина».

Хь. Пхийттара валийта х1унда аьлла воккхачу стага, х1ун маь1на ду оцу дешнийн?

Д.-Беран пхийтта шо кхаьчча, цуьнан бералла д1айолу, иза баккхийчеран дарже волу, воккхачуьн долу декхарш т1е а оьций. Цо шен юкъ йоьхку.Уггаре а дезаниг а, жоьпаллениг а:пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа цо шен дашах а,лелочух а жоп дала деза Далла хьалха а. Пхийтта шо кхаччалц дай-наний дара шайн доьзалхочух жоп дала дезаш.Цул т1аьхьа стаг ша ву шен дахарх жоп дала дезаш ве

Хь.-«Цо шен юкъ йоьхку» бохург х1ун ду? Цунах муха кхета шу?

Д.-«Юкъ йоьхку» бохург-юкъах доьхка а доьхкуш,баккхийчеран юкъаралле схьаэцар ду.Юкъ ехкарца цунна т1едужу стеган декхарш: Дикане-воне вахар, баккхийчарца пхьоьхане х1оттар,салам далар, схьаэцар , хьеше маршала хаттар. Салти санна, мичча хенахь а шен доьзалан а, халкъан г1уллакхана д1ах1отта кийча хилар ду.

Хь.- Ткъа хьан дуьйцур дара, стеган пхийтта шо кхачарца доьзна х1ун г1иллакх ду вайнехан доьзалшкахь лелош?

Д.-Доьзалхочун пхийтта шо кхачар а,цунна далла хьалха шен долу декхарш а, баккхийчеран дукъ т1едожар а хоуьйтуш, уьстаг1а а боьй, саг1а доккхуш г1иллакх ду вайнехан цхьаболчу доьзалшкахь. Иза дика г1иллакх а ду, х1унда аьлча ша воккха хиллийла иштта д1а ца аьлча , ца хууш,шен бераллех къаста ца туьгуш, баккхийчеран декхарш(дикане-воне вахар,салам далар, хьеше маршала хаттар…) т1е ца оьцуш, стаг ткъе итт шаре волуш меттиг а нисло дела.

Хь.-Ц1ахь бан белла кхин х1ун болх бара шуна кхочушбан?

Д.-Дикаев Мохьмадан шайна хазахета илли 1амор.

(Дешархоша д1аолу «Сан Даймохк» ц1е йолу илли)

Нанас берахь дуьйна

Суна хьо марзбина,

Хьоьца дагара дуьйцуш

Хийла ойла йина.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Ахь кхиийна, ахь стаг вина ,

Со новкъа велира.

Хьуна гена ваьлча,

Херехь зама яьлча,

Даго лоькху зурма

Суна хьо хетара.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Малх бицбина,

Нур къагийна,

Суна хьо лепара.

Х1ора йог1у кхане

Хьоьца йоккхур бохуш,

Винчу махка кхача

Ас сатийсинера.

Сан дай баьхна Латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Хьох къаьстина,

Дог диллина,

1алург цахиллера.

Нанас берахь дуьйна

Суна хьо марздина,

Хьоьга дагара дуьйцуш

Хийла ойла йина.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Ахь кхиийна, ахь стаг вина ,

Вог1ург декъалхилла.


3. Керла тема йовзийтар:

Хь.- Тахана вай йийцаре йийр ю Дикаев Мохьмадан мог1арера «Суна лаьа» ц1е йолу стихотворени. Шен ерриге а кхоллараллехь а санна х1окху стихотворени т1ехь авторо шера гойту къонахчун аг1онаш: цо гойту шена «Къонах» хила лаар.

«Суна лаьа»




 
 
X

Чтобы скачать данный файл, порекомендуйте его своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить материал