- Учителю
- Урок чеченской литературы на тему 'Харцлийна 1у'
Урок чеченской литературы на тему 'Харцлийна 1у'
Чеченская литература.
13.10.15г.
Тема: дийцар «Харцлийна 1у»
1алашо: керла дийцар «Харцлийна 1у довзийтар, яздархочун дог-ойла а гойтуш; берашна дийцаран коьрта маь1на довза 1амор, коьртачу турпалхочун амал йовза и шен дешнашца йийца цуьнан васт х1отто 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш:
Бераша шайн белхан план х1отто хаьар ду; берашна 1емар ду шайна хетарг ала, вовшех дагабовла; берашна хаьар ду кхеташ ч1ога , хезаш еша,; вочу х1уманех ларбала , диканиг дан 1емар ду берашна.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар
Бераша д1адоьшу ши дийцар «Ц1ена хи», «Ц1ена хила вай?»
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Кица: «Харцлийначу адаман бакъдолчух цхьа ца тешна»
-Муха кхета шу цу кицанах?
3.1алашо йовзийтар
-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдина?
-Х1ун дийр ду вай тахана урокехь?
Суна девзар ду
Суна 1емар ду…
Суна карор ду хаттаршна ..
Суна 1емар ду схьадийца…
--Бераш, вайна тахана девзар ду керла дийцар «Харцлийна 1у».Вайна 1емар ду дийцар кхеташ , нийса дийцар деша.Вайна 1емар ду лахарчу хаттаршна жоьпаш дала, дийцар схьадийца.
4.Керла тема хьехар.
а)Хьехархочо д1адоьшу «Харцлийна 1у» ц1е йолу дийцар.
аь) Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Д1адешал вайн кица.Х1унда аьлла и дешнаш.? (Харцлийна стагах цхьа а ца теша, цо харцдерг дуьйцу моьттуш цхьаммо г1о ца до)
-Хьанах лаьцна ду и дийцар?
-Х1ун деш хилла 1у?
-Х1ун бохуш орца даьккхина цо?
-Нах даьхканий?
-Х1ун хилла 1уна боккъала?
-Баьхканий нах?
-Х1унда?
-Мегар дуй харцле?Орцх даханчу нахана юкъахь шаьш хилча аша х1ун эр дара 1уне?
-Бусалба дино магадой харцлер?Муха хила деза вай?
5.Сада1аран миноташ.
6.Кела тема кхин д1а а хьехар.
а)Бераша д1адоьшу дийцар «Харцлийна 1у»
аь)бераша схьадуьйцу дийцар.
6.Рефлекси.
-Х1ун керланиг хии шуна урокехь?
Суна девзи керла дийцар..
Суна 1еми дийцар деша..
Суна 1еми дийцар схьадийца
Суна 1еми хаттаршна жоьпаш дала
Суна хии харцле х1унда ца мега
7.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийши вай?
-Стенах лаьцна дара иза?
-Хаза дарий дийцар?
-Цо х1ун хьоху шуна?
8.Ц1ахь бан болх балар.
Дийцар схьадийца кечам бе..