- Учителю
- Открытый урок по чеченской литературе Ненан б1ьрхиш
Открытый урок по чеченской литературе Ненан б1ьрхиш
Сценка
«Ненан б1аьрхиш»
1 сурт
К1ентий- Салам 1алайкум! Цхьа жимма дуьнене б1аьрг тухуш сакъера даха дагахь ду тхо. Хьо вог1ий тхоьца?
К1ант- Собар дейша , х1инца дегара а, ненера а пурба даьккхина схьавог1у со.
(пурба даккха воьду к1ант)
К1ант - Дада, нана со а вахитийша юьртарчу к1енташца дуьнене б1аьрг тоха?
Да - Х1ан - х1а сан к1ант, хьо вахийта йиш яц сан! Аса пурба ца ло хьуна цига ваха!
Нана - К1ант, хьуна цхьаъ хилахь и лан дог дац сан. Со къинт1ера ца ели хьуна, хьо водахь.
(нийсархошна т1евоьду к1ант)
К1ант - Сан хьомсара нийсархой! Кертахь дан дезаш цхьацца г1уллакхаш ду сан. Тахана вог1ийла дац сан шуьца.
2 сурт
Да - Мостаг1а ву т1ег1ерташ вайн юьртан. Т1аме ваха воллу со.
Нана - Вай , хьо къан ма велла, муха бийр бу ахь и.
К1ант - Х1ан - х1а, дада! Хьо г1ур вац т1аме, со г1ур ву. Тахана аса ца доьху шуьшингара пурба.
(Т1аме д1авоьду к1ант)
Да - Г1уллакх хир дац кхунах. Юьртара жима а, воккха а х1аллак хуьлуш лаьтта ца вахча ца воллу со.
3 сурт
(Т1аме д1авоьдуш, дуьхьал кхетта т1емлой, барми т1ехь 1уллу шен к1ентах б1аьрг кхетта цуьнан)
Да - Х1ей вежарий! Собарделаш! Къонахий! Сан ницкъ кхочур бац к1ентан нене х1ара ирча кхаъ д1ахаийта… Со кхоьру х1окху кхоо нана ерна… Вац шуна юккъехь маттана говза, нене к1ант валар д1ахаийта цхьа?
(т1емалоша кортош охкабо)
Илланча - Схьаба суна дечган пондар! Цо дуьйцур ду нене говзачу - хазчу маттаца к1ант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ!
Нана - Х1окху сан кертахь ма дуккха адам гулделла, хилла мукъан х1ун хилла?
(керара кад охьа а божабой барми т1е йоьду нана, къевлина мара вуллу цо к1ант, дуккха лаьтта нана йоьлхуш. Йоьлхчара саца а соций, илланчана т1е а йоьдий дечиган пондар сацабо нанас)
Нана - Ма лерина лелийра аса хьо. Со юхахь йоцуш, цанхьа а ца вохуьйтуш. Нийсархошца дуьнене б1аьрг тоха ара ца волуьйтуш. Дуьххьара ма ваьллера иза ара соьгара пурба доцуш. Со а йитина х1унда вахи те хьо, сан к1ант!
(к1ентан нанас б1аьргашца схьалоху к1ентан да)
Нана - Хьо х1унда 1а лечкъина нахана т1ехьа?
Хьо ма вац вистхуьлуш къенач у нене?
Я хьуна хаац - те со х1унда йоьлху?
Ахь х1унда ца дуьйцу к1ант муха велла?
Накъостийн букъ т1ехьахь и лечкъаш лелла - те?
Я къонах к1ант кхио, да къонах хилац - те?
Баьчча - Ткъа дас а, ша санна, и майра 1амийна,
Шарахь сов турпална ахь ага техкийна.
Цуьнан букъ гина мостаг1 вац хьуна.
Чов хилла дарделла ц1оькъалом ва санна,
И дера летара мостаг1ийн ардангех,
Шен турпалан хьуьнаршца тхо хьалха дуьгура,
Чов хилларг, ницкъ эшнарг мостаг1ех ларвора,
Вайн Даймохк мостаг1ех цо маьршабаьккхина
(баьччин къамеле ладуг1уш, к1ез - к1ези г нислуш, нисбелира къеначу ненан букъ)
Нана - Со къинт1ера ели хьуна сан к1ант!
Баьчча - Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал!
Нана - Хьа боху к1ант велла со цхьалха йисина?
Даймехкан лаьтта т1ехь, со эрна яьхна?
Сан лаьмнаш, сирла хиш, бос сийна хьаннаш,
Ма делха, ма т ийжа, к1ант велла, алий.
Шун д уьхьа лен воцург, нанас ма волда !