- Учителю
- Урок по чеченскому языку на тему. 2Куцдешнийн тайпанаш'
Урок по чеченскому языку на тему. 2Куцдешнийн тайпанаш'
Нохчийн метан урок
7-г1а класс
Тема: Куцдешнийн тайпанаш. Смысловые группы наречий.
( интегрированни урок)
1алашо: нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь куцдешнийн тайпанаш довзийтар, цара мублхачу хаттаршна жоп ло, х1ун гойту хаийтар, предметашна юкъара уьйр гайтар, къамел кхиор , кхетош-кхиор.
Т1ехьажаман г1ирс: таблицаш, нохчийн а, оьрсийн а метан а, литературин учебникаш, методически пособеш.
Урок д1аяхьар
-
Хьехархочун дош
- Т1екхечи, дешархой, вайн рог1ера нохчийн метан урок. Вайн таханалерачу урокехь куцдешнийн тайпанаш нохчийн а, оьрсийна меттанашкахь 1амор ду. Хьовсур дув ай царна юкъахь башхаллаш юйла…
-
Уьн т1ера предложенеш д1аязйо, билгалдоху куцдешнаш.
Стиглахь лепа дашо седарчий.
Селхана г1ала ваханера со сайн деца.
Дешархьама оьху тхо школе.
Оьрсийн мате гочъе и предложенеш.
В небе сияют золотые звезды.
Я со своим отцом ездил в город.
Мы ходили в школу чтобы учиться.
-
1амийнарг карладаккхар
Даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш гойтучу къамелан декъах куцдош олу. Цо жоп ло муха? маца? Мичахь? Мел? Х1ун 1алашо йолуш? Х1унда? Бохучу хаттаршна.Куцдешнаш уьйр хандашца ю…
- Ткъа оьрсийн маттахь стенах олу куцдош?
-Муьлхачу хаттаршна жоп ло ца?
-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела?
Наречие-это часть речи которая обозначает признак действия предмета и отвечает на вопросы как? где? в какой степени? зачем? с какой целью? и др. В предложении наречия связаны со сказуемыми и чаще всего бывают обстоятельствами…
-
Уьн т1ехь болх байтар. Гочдар
Нохчийн маттахь Куцдешнийн тайпанаш Оьрсийн маттахь
1уьйранна хенан-времени утром
хьуьнхахь меттиган-места в лесу
жима бараман-меры немножко
меллаша мухаллин-образа действия медленно
ловзархьама 1алашонан-цели чтобы поиграть
-
Керла тема йовзийтар
Цхъа хьалхара нохчийн маттахь юьйцу тема, т1аккха оьрсийн маттахь.
- Нохчийн маттахь куцдешнийн ворх1 тайпа ду: хенан, меттиган, бараман, бахьанин , 1алашонан, юкъаметтигаллин. Х1ора тайпанчу куцдешнийн шайн-шайн хаттарш а ду. Хенан куцдешнаша жоп ло маца? мацале? маццалц? маца дуьйна? Бохучу хаттаршна. Меттиган куцдешнаша жоп ло мича? стенга? мичара? мичхьахула? бохучу хаттаршна. Иштта массо а тайпанан ду шайн хаттарш …
- По значению наречия делятся на две группы: обстоятельственные и определительные. Обстоятельственные наречия обозначают образ действия, время, место, причину, цель (идти пешком, идти вечером, идти туда и т.д.)
- Х1инца вай хьалхенгахь яздинчу куцдешнийн тайпанаш билгал а дохуш, уьш юкъа а далош, предложенеш х1иттор ю вай.
- Берашна хьуьнхахь ча гира.
-Артур ловзархьама со волчу веара.
- Новкъахула меллаша вог1ура воккха стаг.
-Цундела ца лаьа сунна хьоьца доттаг1алла леладан.
Х1инца и предложенеш оьрсийн мате гочйийр ю вай.
- В лесу ребята увидели медведя.
-Артур пришел ко мне, чтобы поиграть.
-Медленно шел старик по дороге.
-Поэтому я не хочу с тобой дружить.
Т1едиллар:
а) Билгалдаха куцдешнийн тайпанаш шина а маттарчу предложенешкахь.
б) Еша 35-г1а § нохчийн метан учебник т1ера, 33-г1а § оьрсийн метан учебник т1ера, хьовса шаьш ца кхеташ х1умма а диснийла.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
а) кхочушдо 205-г1а шардар (1-ра обзац), билгалдоху куцдешнийн тайпанаш;
б) кхогчушдо 208-г1а шардар оьрсийн метан учебник т1ера, наречин тайпанаш билгалдоху.
Т1едиллар:
-205-г1а шардар т1ера кийсак муьлхачу произведении юкъара ю?
( «Еха буьйсанаш» романан дакъа «Мух1ажарш»)
- Мила ву цуьнан автор?( Айдамиров Абузар)
- Х1ун хьа шуна автор лаьцна? ( Доцца дуьйцу цуьнан дахарх а, кхолларалахь а лаьцна)
- Упражнение 208 отрывок, из какого произведения?
- Расскажите, что вы знаете о нем?
-
Къамел кхиор, дешархой кхетош-кхиор.
Нохчийн г1иллакх-оьздангаллах долу кхоъ кица даладо:
- Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна, юу х1ума.
-Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина.
-Воккхахволчунна хьо жимах вацахь, жимахчунна воккхах а хир вац хьо.
( Кицанийн маь1наш досту, д1аяздо дешархоша шайна хетарехь)
8. Урокан жам1 дар.
- Стенах олу куцдош?
-Маса тайпа ду куцдешан?
-Что такое наречие?
-На какие группы делятся наречия?
-Уьйр юй нохчийн а, оьрсийн а меттанашна а, литературашна а юкъехь?
-Х1ун керланиг девзи шуна таханлерчу урокехь?
9. Рефлекси яр.
10. Ц1ахь бан болх балар.
33-35 § бакъонаш 1амае;
208,209 шардарш юкъара куцдешнаш схьаязде, билгалдаха церан тайпанаш.