- Учителю
- Урок по чеченскому языку на тему 'Предложенин коьртаза меженаш' (5 класс)
Урок по чеченскому языку на тему 'Предложенин коьртаза меженаш' (5 класс)
Нохчийн меттан йозанан урокехь х1инцалера керла технологеш (некъаш ,кепаш юкъаялор).
Тема: Предложенин коьртаза меженаш.
1алашо: 1амийнарг карла а доккхуш,1амийначун т1едоьзна урокан тема т1еч1аг1ъяр. Предложенин коьртаза
меженаш карлаяхар. 1аламан исбаьхьалла йовзийтар,и лардан дезар хаийтар.
Урокан некъ:
-
Д1аяханчу урокехь бинчу белхан жам1аш таллар.
а) Аг1о 38 шардар №62 текст ешар,маь1ница дог1уш долу юкъадилийна дешнаш билгал
а дохуш.
б) Билгалдешнаш схьакъастор ,барта хеттарш а луш.
Текст. Б1аьстенан довха де суьйренга лестинера.Йилча санна ,ц1ена яра ламанна
т1ехула яьржина сийна стигал.Беша гуонах йинчу аннийн керта хьалха. Ло г1антахь хиъна 1аш, шовзткъе иттара ваьлла воккха стаг вара. Ирачу уьрсаца дечигах сих ца луш 1аса еш воллура иза.Новкъа вог1уш воккха стаг а гина, хьалаг1аьттира.
Ширчу юьртахь, Шелахь, малхбалехьа лакха маь11ехь, къилбехьа дерзийна лохо
ц1енош а долуш, вехаш-1аш вара Ладин к1ант Шаба.
-
Карладаккхар: предложенин коьрта меженаш-подлежащи,сказуеми.
а) карладаккхар д1ахьо, уьн т1е хьалххе сацаран хьаьркаш а ца дохкуш,язйину предложенеш т1ехь берашка болх а бойтуш.
Ламанан хи
-Стенна ха деш бу хьо ,лам ( ? )
-Ас ларбеш бу Къоьзан-1ам ( . )
-Х1унда 1алашбо ахь иза ( ? )
-Т1аьхьенна лууш бу и биса ( . )
-Муха ду цу чуьра хи ( ? )
-Цунах хьоьгуш хиллал тхи ( ! )
( И.Демеев )
Т1едиллар :- интонацица д1аеша предложении муьлха сацаран хьаьркаш оьшу церан чаккхенгахь?
б) шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам (таллам)
Ас ларбеш бу Къоьза-1ам.
-
Стен кхуллу предложенин грамматически бух ?
-
Х1окху предложенех грамматически бух муьлхарг бу ?
-
Подлежащи муьлхачу дожарехь ду?кхи муьлхачу дожарехь хила тарло подлежащи?
-
Муьлха къамелан дакъа ду иза ?
в) кхетош кхиоран болх. 1алам. 1аламан исбаьхьалла.
1алам адам санна дийна хилар.
хи, хи ца хилча а дахар дац.
хиш 1алашдан деза!
уьш бехдан йиш яц!(уьш Далла 1амал еш ду).
Адаман 1аламца юкъаметтиг дика хила еза,иза цуьнан декхар ду.
3. Урокан тема йовзитаран (хьехаран) болх.
(презентация нового материала)
а) Хьехархочун довзийтаран къамел (монолог).
б) Хьехархочун куьйгаллийца модуль х1оттор.
в) Модульца т1еч1аг1дара болх кхочушбар.
-
Подлежаши а, нийса кхачам вовшах муха къастор бара церан хаттар цхьаъ, цхьатерра хилча ? (мила?х1ун?)
-
Подлежашин а, нийсачу кхачаман а хаттарш цхьатерра хиларо вовшийн новкъарло йой цара?
-
Къастаман а, латтаман а ду цхьатерра хаттар. муха ? Къастам бу, я латтам бу и муха хуур ду?
-
Схьадийца схемин т1ехь гайта а гойтуш муха кхета шу цунах? (маса ю предложенин коьртаза меженаш, муьлхарш ю уьш, муха къастайо уьш предложенех?)
-
Шина дешархочун диалог. Предложенин коьрта меженаш йовзарехь цхьана дешархочо хеттарш далар, вукхо дуьхьал жоьпаш далар.
Предложенин
Коьртаза меженаш
Кхачам - (дополнени)
Къастам (определени)
Латтам(обстоятельство)
Ц1. мила?х1ун? - нийса дожар
нийса кхачам
Дл. хьенан?стенан?
Л. хьанна?стенна?
Др. хьан?стен? лач дожарш
лач кхачамаш
К. хьаьнца?стенца?
Х. хьанах?стенах?
М. хьаьнга?стенга?
Дс. хьанал?стенал?
Муха?
Хьенах?
Стенах?
Мичара?
Мацалера?
Муханиг?
Муха?
къастам х1ума
Муха?
Маца?
Мичахь?
Стенга?
Х1унда?
Мича бахьанина?
Мича 1алашонца?
Муха?
латтам сказуеми
4. Хьехархочун куьйгалийца практически белхашца модулех пайда а оьцуш болх бар.
1. Предложенин таллам бар - предложенин меженаш билгалъяхар. Т1екхечира 1а.
муха? муха?
Дашо малх т1ахь-т1аьхьа кхоьлина хьоьжура.
2. Дешархоша шаьш болх бар.
а) классан берашна талла предложени .
Алкханчаш, ч1ег1ардигаш гуьйрана йовхачу меттигашка д1адоьлху.
б) Шина дешархочо уьш т1ехь талла предложении. Тхан бешахула чехка доьдура шийла татол. Юьртахь а г1араваьлла дика хелхарча а, пелхьо а вара иза.
3.Дешархоша бинчу белхан жалу дар, маххадор.
5. Къамел кхиор (развитие речи)
а) Хьехархочо Айдамиров А.А стих «Гуьйре ешар»
б) Хенан зама билгалъяккхар, цуьнан аматаш йийцар.
в) «Гуьйре» - бохучу дешнашца эпитеташ даладар. «Можа гуьйре» ; «Дашо гуьйре» ; «Исбаьхьа гуьйре» ;
г) Стих юкъара схьакъастадар дешнаш, церан лексически маь1на дийцар.
Хьарг1а-хьрг1анаш (ворона)
Г1арг1улеш-г1арг1ули (журавль)
Амбараш-амбар (склад) - шира дош- архаизм.
д) Олхазарийн дахарх лаьцна боцца хаамбалар, кхетам балар:
Олхазарша боху пайда, 1а даккха севцинчу олхазарша ловш йолу хало, адамаша 1ай царна г1о дан дезар.
6. Ц1еран болх къастор. (определение домашнего задания)
-
№ 10,11, 12 карлаяха, схемех пайда а оьцуш.
-
шардар № 64 аг1о 39 классехь таллар, латтам билгалбахар.
-
Ц1ахь ш № 64 кхочушъяр, латтамашна буха сиз а хьокхуш.
7.Урокан жам1 дар. (поведение итогов занятия)
-
урокан коьрта 1алашо х1ун яра вайн?
-
муьлха белхаш кхочушбина вайн? Х1у болх би вай?
8. Лерина долу карладаккхар. (фронтальный опрос)
масех урокехь 1амийначунна лерина.
-
Стенах олу предложени?
-
Предложенин меженаш муьхачу шина тобане йоькъу?
-
Предложенин коьрта меженаш муьлхарш ю?
-
Нохчийн маттахь подлежащи муьлхачу дожаршкахь хила тарло?(Ц1.Дл.Л.Др.М)
-
Подлежащи, сказуеми предложенин х1ун лору? (гр.бух)
-
Стен х1оттош бу предложенин грамматически бух?
-
Коьртаза меж предложенин маса ю, муьлхарш ю уьш?
-
Оьрсийн маттахь ло царах кхетам.
9. Дерзор. Дешархоша биначу белхан мах хадор. (дешархоша урокехь болх беш дика дакъа лацарний, къахьегарний, хаарш схьаоьцарний баркалла кхайкхор, оценкаш дахкар).