- Учителю
- Урок на тему: Диканиг дар-сийлахь г1уллакх. 7 класс
Урок на тему: Диканиг дар-сийлахь г1уллакх. 7 класс
Урокан чулацам:
Диканиг дар-сийлахь г1уллакх.
1алашо: Дешархой г1иллакхе -оьзда, иманехь кхетош кхиор .
Воккханиг лара а,г1ийлачунна г1о дан лаам самабаккхар.
Диканиг дича дуьненахь а, эхартахь а карориг хиларх кхетор
Классехь низам х1оттор.
Бисмиллах1иррохьманиррахьими.
Марша дог1ийла шу,лераме хьеший!
-
Тахана вай цхьаьнаккхетта вай нехан оьздангаллех,г1иллаккхах лаьцна кхин цкъа а дийца.Иштта, шун пурбанца,оха д1адоладо «Диканиг дар-сийлахь г1уллакх» ц1е йолу кхетош- кхиоран сахьт.
Дависа хьан,оьздангалла Дависа хьан, вайн дайн г1иллакх,
Хьо массаьрца х1унда дац те. Хьо массаьрца х1унда дац те,
Езачунна мА йорах ю Хьо шеца дерг мА вехаш ву
Мах х1оттийча мел еза ю. Шеца доцург мА миска ву.
2. Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу г1иллаккхашна т1ера д1айолало. Цуьнан оьзда хила деза массо х1ума: угар хьалха дог-ойла, духар,г1иллаккхаш.
Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта лехам бу-адам ларар. Бераца, воккхачуьнца, хьехархошца, лулахошца, кхечу къаьмнийн векалшца, нийсархошца, вежаршца, йижаршца, къаьсттина деций-ненаций болу ларам буиза.
Цхьана хьекъалечу стага дийцинарг шуна хазийта лаьа сунна,дийцахьа вайна и дийцар, Азамат.
Хьалха заманахь цхьаммо кхечуьнгара латта эцна хилла. Латта эцначунна дешех юьзна кхаба карийна цу лаьттахь. Кхаба д1аяла вахана хилла иза латта доьхкинчунна. Ткъа вукхо схьа ца эцна иза, ша хьуна латта а, цу т1ехь дерг а, бухахь дерг а-дерриге доьхкина аьлла. Лаьттан керлачу дас ша и кхаба ц1а хьур яц и деши схьаоьцур дац бохуш, шолг1ачо-х1ан-х1а, ша и шен керта хьур яц и деши шен дац бохуш. И шиъ дов къасторхьама кхиэлахочунна т1евахана, ткъа цо цаьршинга хаьттина: «Бераш дуй шун?» Цхьаммо шен йо1 ю аьлла , шолг1ачо шен к1ант ву аьлла. Х1ета йо1, к1ант вовшахтухуш захало дан деза, цул т1аьхьа и деши керла кхоллабеллачу доьзална дита аьлла кхиэлахочо.
«Нийсо шина вешина юккъехь а хила еза», олу-кх вай. Ма нийсо йина-кх цу хьекъалечо.
-Мел дика сийлахь г1уллакх дина цо керла кхоллабеллачу доьзална.
Суна схьахетарехь,цхьа а къам хирдац нохчашна санна бер дукхадезаш.
Д1аяханчу заманахь доьзалхо дуьненчу ваьлча, саг1а даьккхина ца 1аш, говраш хохкуьйтуш а,ловзар деш а хилла. Берана дика а ларам беш а хилла гергарчара, хьешаша:
- Дала беркате доьзалхо войла!
-Дала дукха вахавойла!
-Хьо вехийла Органна чо баллалц!
-Хьо вехийла цицигана ма1а яллалц!(Бераша шайгара т1етуху)
(хьанала къахьоьгуш,нийсо езаш,бакъахьра нах)
.Бер жима долуш дуьйна нанас цунна 1амош хилла массо а диканиг: ц1ена лела, ялтин хама бан, къинхетаме хила.
Бепиган цуьрг охьа мА дожаде,цу т1е ког мА баккха..
Некъ тобар, синтар дог1ар, т1ай тиллар, диканехь вонехь дика хьовзар деза дуьйцу дешначу наха.
Вайн къоман оьздангаллин коьрта лехам ,вай лакхахь мА аллара,бу адам ларар, оьшучохь цунна г1о дар, дика накъостий хилар.
«Генарчу йиша-вешел а, дика лулахо тоьла» , олуш кица ду вайн. Иштта дан а ду и. Хьуна т1е дика-вон деача, генара хьан йиша-ваша кхачале хьуна дика накъост хуьлий, г1о деш д1ах1утту дика лулахо.
Х1инца суна шуна хазийта луур дара Арсанукаев Шайхис язйина «Нагахь хьан г1о оьшуш» ц1е йолу стихотворени.
1) Нагахь хьан г1о оьшуш
Велахь цхьаъ тахна,
Сихлолахь цунна т1е,
Кханеш ца йохкуш.
Х1ун хаьа, кхана хьайн
Аьтто а боьхна,
Вуьсий хьо, цунна кхин
Г1о дан йиш йоцуш.
2) Довха дош аьлла, цхьаъ
Хьаста дагдаг1ахь,
Сихлолахь д1аала,
Кханеш ца йохкуш.
Х1ун хаьа,
Кхана и дагара далахь
Я висахь, т1евахна,
Ала йиш йоцуш.
3) Зулам дан нагахь ахь
Леринехь цхьанна,
Варий, сих ца луш, и
Кханенга татта.
Х1ун хаьа, кхана
Дог дасталур хьан а,
Я кхуьур важа а
Диканна г1атта.
4