7


  • Учителю
  • Исследовательская работа на чеченском языке.

Исследовательская работа на чеченском языке.

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание: Тема: «Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин (фольклоран) сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь – дуьхьал х1оттийна анализ».Меня волнует то, что очень мало печатного материала на чеченском языке для учителей. Эта проблема и заставила меня с моим учеником провести и пуб
предварительный просмотр материала

Докладхо:

Молтыгов Мохьмад, 6 класс,

МБОУ «СОШ № 10»

Тема: «Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин (фольклоран) сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь - дуьхьал х1оттийна анализ».

Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхолларалла девзича, аса жам1 дира: кхаа къоман берийн кхолларалла шайн маь1ница, чулацамца, сюжеташца цхьатерра ду.

Со цунах кхетча, со волавелира оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхолларалла еша.

Сан 1алашо хиъча, сан дуьххьара хиллачу хьехархочо Хеда Ахмедовнас сан лехамна т1ехь г1о дира суна. Иштта цо г1о дира суна нийса сацам бан - талламан болх д1абахьа. Х1инца х1окху темина т1ехь болх беш дешархойн цхьа тоба ю.

Тхан талламан хилам бу «Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин (фольклоран) сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь - дуьхьал х1оттийна анализ» ц1е йолу болх.


Гайтаман исбаьхьаллица я хореографин исбаьхьаллица ( кхунах - м вайна кхетам ло тархаш тIера суьрташа) дешан искусство башхаллица дуьстича, дешан искусствон ( барта исбаьхьаллин) шира тIег1а (ступень) 1амо таро яц архиологин памятникан г1оьнца.

Барта исбаьхьаллин юьххьера муьрех лаьцна дийца таро ю къаьмнийн дийна кхолларийн буха т1ехь, культуран, этнографически кепийн.


Тхан талламан коьрта хаттар - вовше гергара боцчу кхаа меттанашкахь кхоллаеллачу берийн кхоллараллехь ( фольклорехь) цхьа а тайпана вовшашца юкъара башхалла ю я яц, я х1ора къоман берийн кхолларалла (фольклор) - иза ша тайпа, кхечу маттахь шеха терниг ян а йоцуш ерг ю. Тхуна хетарехь, муьлххачу а къоман берийн кхоллараллехь

( фольклорехь) хила еза мелла а вовше тера йог1уш йолу билгалонаш. Иза ю тхан талламан гипотеза.

Оха бинчу талламан ( исследовательски) белхан т1ехь теллина вовше гергара боцчу кхаа меттийн оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхолларалла (фольклор).

Белхан 1алашо - оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин (фольклоран) сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь - дуьхьал х1оттийна анализ яр а, фонетика, морфологи, лексика, грамматика тера хила - ца хилар билгалдаккхар а.


Оха бинчу талламан белхан декхарш:


  1. Таллам бан оьшуш йолу литература йовзар, цунах пайда эцар.

  2. Талла бакъ йолу материал гулъяр, цуьнан анализ яр.

  3. Юстуш йолчу материалехь диллина долу закономерность билгалдаккхар ( я иштта закономерность ца хилар гайтар).


Ингалсан маттера «фольклор» боху дош нохчийн матте гочдича «халкъан хьекъалалла» бохург ду. Дуьххьара «фольклор» боху дош юкъадалийна 1846 - чу шарахь ингалсан 1илманчас У.Дж. Томсома. Вайн хенан 1илманехь «фольклор» дешан цхьа тералла дац. Цкъа хьалха хьокху термино схьалоцуш хилла къаьмнийн юьхьсин а, х1умаллин культура а. XX б1ешерера «фольклор» терминах пайда оьцу мелла а готта, нисса, билгалдолу маь1нехь: къоман дешан кхолларалла.

Дешан барта исбаьхьаллин тайпанаш кхолладелла адаман къамел кхиарехь.

«Барта кхолларалла» шираллехь доьзна хилла адаман къинхьегаман дар - лелорехь. Динан, мифически, историн довзийтар, иштта 1илманан хаарийн зирх». [ 1, c. 47].

Амма фольклор кхоллъяларан кхин хетарг а ду. Е.М.Милитинскийс боху «ша белхан процессах д1акъастар, 1аламат ч1ог1а оьшуш дара исбаьхьаллин искуство кхоллараллин г1уллакх кхио таро хиларна хилийтархьама, иштта долуш дерг цхьатерра хийцадалар». [5, с. 39]. Кхечу аг1ор аьлча, кхолларалла ца кхолла делла къинхьегаман процесца, иза кхолла делла адаман бакъдолчух кхетаран процессехь. Иштта кхолларалла кхолладелла 1аламехь боцу ницкъаш караберзо ритуалаш лелорехь, динан г1уллакхехь, уьш оцу заманчохь гонахьара дуьне довзаран барамаш хиларна. Амма хьалха хилла дош…

Юкъаралла (общество) кхиоран процессехь кхолладелла дешан барта исбаьхьаллин бес - бесара тайпанаш, а кепаш. Хан д1а мел йоьду жанраш хийцалуш хилла, д1айовлуш хилла, керланиш кхоллалуш хилла.

XVIII б1ешерера схьа а, кхин т1аьхьа евза бакъ йолу къоман поэзин тексташ. Ч1ог1а к1еззиг д1аязъйина тексташ йисина XVIII б1ешерера. Ширачу муьрехь дукхаха долчу къаьмнийн хилла тайпанан ( я тукхманан) дийцарш, къинхьегаман а, 1адатан эшарш а. Таьхьо кхоллало бозбуунчаллин туьйранаш, дахаран туьйранаш, дийнатех лаьцна дуьйцуш долу туьйранаш, халкъан турпала шира эшарш. Государственность кхуллучу муьрехь классически халкъан турпала иллеш, т1акха кхолла елла историн эшарш, балладаш. Кхин а т1аьхьа кхолла елла лирически эшарш, романсаш, забаре эшарш, байташ, иштта кхийолу кегийра лирически жанраш а, т1аьххьара, белхан кхолларалла ( фольклор), революцин эшарш, барта дийцарш, иштта д1а кхин а.

Массо а къоман кхоллараллин чулацам цхьа ша тайпа къегина бос болуш елахь а, дукхаха болу мукъам, сибат, сюжет тайп - тайпана къаьмнийн вовшех тера дог1уш ду. Иштта, европин кхоллараллин (фольклоран)сюжетин дустарца талларо, 1илманчаш балийна цхьана юкъара жам1е: х1ора къоман туьйранин сюжетийн кхаа декъех шиъ кхечу къаьмнийн туьйранин сюжетех тера ду.

Берийн кхолларалла тайп - тайпана ю шен жанрашца а, кхолла яларан баханаца а. Къастайо кхаа тайпана берийн кхолларалла:

  1. Баккхийчара берашна кхоьллина йолу кхолларалла;

  2. Бераша кхоьллина йолу кхолларалла;

  3. Бераша баккхийчеран кхоллараллера схьа эцна йолу кхолларалла.


Оха йинчу берийн кхоллараллин жанрин а, берийн кхоллараллин кепин а дуьхь - дуьхьала йолчу анализа гойту оьрсийн, нохчийн, ингалсан меттанашкахь кхоллараллин коьа тоба хилар, амма жанран д1ах1оттам къаьсташ бу (хьажа таблица 1,2,3)

Оьрсийн фольклоран башхаллин жанраш, ингалсан маттахь царех цхьацца ерш яц. Амма, хила тарло, уьш оха теллинчу сборниканна юккъе ца яхана ца хилар, я уьш билгал ца яьхна талламхоша. Нохчийн берийн кхоллараллин жанран тайп - тайпаналла практически цхьанакхета оьрсийн берийн кхоллараллица, амма, схьагарехь, доллачул хьалха, иза оьрсийн маттера цхьаьцца йолу жанраш схьаэцар ду (х1етал - металш, иллеш (хилларш), забаре дийцарш).

Аса хьалха ма аллара, сан белхан 1алашо яра вовше гергара боцчукхаа маттера берийн кхоллараллин произведенийн сюжетийн а, стилистикин а

дуьхь - дуьхьала х1оттийна анализ яр. Тхуна хетарехь, кхаа вовше гергара доцчу къаьмнийн берийн кхолладалараллехь хила деза цхьаьцца вовше тера долу аматаш, схьагарехь, адаман къамел кхиаран муьрехь, цхьа башхалла йолуш хилла.

Берийн кхоллараллин массо а жанрашна юккъера схьакъастийра уггаре шира форманаш6 пестушкаш, х1етал - металш, аганан иллеш.

Берийн кхоллараллин анализ йина меттан системан масех барамийн.

Фонетически анализ ярехь къастийна х1ара башхаллаш: массо а кхаа меттан кхоллараллехь тидам бан таро ю байтан ши байт йолу барам (двустопный размер стиха); оьрсийн маттахь изи дукха хьолахь - ши байт йолу ямб, ткъа ингалсан а, нохчийн а меттанашкахь къаста ца ло муьлхха а цхьаъ байт х1отторан тайпа.

Уггаре тидаме къаьста байт кхолларан структура аганан эшаршкахь, схьахетарехь, мукъаман лардан(буханан) 1аткъам барца. Массо а кхаа маттахь пестушкашкахь а, аганан иллешкахь а пайда оьцу дукха хьолахь божарийн а, нийса йоцу рифмех.

Нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан а байт х1оттор, англосаксонски чухь кхуьуш долу, нохчийн а, оьрсийн а байт х1оттор башхаллица юьстича, массо а германан меттанашкахь санна байташ х1отторан тонически буха т1ехь, дуккха метрико - ритмикан вариаци хилар тардолуьйту. Оьрсийн а, нохчийн а байташкахь магийтина байтийн барам ч1ог1а талхор. Хьетахь а, ингалсан байташкахь иза иштта хила дезаш санна ду. Масала, байташкахь совнаха дешдакъа я дешдакъош хилар - гиперметри: Theboughrocksthebird (now) (къовларшна юккъехь дерг - совнаха дешдакъа).).

Иштта нисло липометрин масалш- байташкахь оьшу дешдакъа я дешдакъош ца тоар:

Yourhouseisonfire, Yourchildren(-) allgone

( къовларшкахь билгалъяьккхина схемица т1е оьшу тохаран дешан дакъа хила дезаш йолу меттиг).

Ингалсан поэзехь кест - кеста магийтина долу хилар - ямб хорейна ипостас:

Shoe a little mare But let the little colt. Оьрсийн а, нохчийн байташ хIотторехь наггахь болу хилам.

Массо а кхаа меттанашкахь алссам хуьлу шалха рифмовка. Оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь х1етал - металшкахь иштта пайда оьцу божарийн а, нийса йоцу рифмаш. Ингалсан маттахь дукхаха долу х1етал - металш байтин кепахь гайтина дац, уьш гайтина хаттаран кепехь.

Морфологин локхаллехь къастийна рог1ера законехь ма - дарра дерг: дукхаллин х1оттамехь къамелан дакъошна юккъехь совдолу ц1ердешнаш, царна юккъехь берийн къамелехь тера аларш. Иштта анализ йина кхаа а меттанашкара пестушкин, аганан иллийн, х1етал - металийн чулацамийн анализ йина.

Х1ора жанрехь юкъ - юкъара схьаэцна 10 текст, амма, дагахь балам хиларца, ингалсан 3 аганан эшарийн бен анализ ца йина. Анализан жам1аш гайтина 4, 5, 6 таблицашкахь. Кхузахь вайна го ц1ердешнийн совдаларю

Вовше гергара боцчу кхаа меттанашкахь кхоллаеллачу берийн кхоллараллин фольклоран) анализ йича, тхо даьхкира х1окху жам1е: анализ йинчу берийн кхоллараллин кхаа жанрехь, шеко йоцуш, кеп а, стилистика а вовше тера хилар.

Иштта х1ара цхьатерралла ларамаза дац: иза кхето мегар ду адаман къамел кхоллалучу юьхьанцарчу муьрехь, кхоллараллин цхьайолу кепаша 1алашдина шайн башхаллаш.

Тхан гипотеза т1еч1аг1ъярхьама, берийн кхоллараллин кхаа жанрин анализ яран жам1 хиларах ца тоьу, амма тхан болх барца къастийра ша - тайпа йиллина тенденциш. Кхин д1а тхан 1алашо ю, тхайна хетарг нийса хилар - ца хилар талла таханлера берийн кхоллараллин материала т1ехь - кхерам тийсаршна, садистийн байташна, иштта царех тера йолчарна.


Тахана вайн ненан меттан мах лахара хадош санна хета суна. Дукхаха берш сан дешнана реза ца хила тарло. Амма, соьга хаьттича, ца тоьу нохчийн мотт бийцарх, и беза беза. Дукхаха болчу да - наноша олу: «Нохчийн мотт 1ама бан а, бийца а, хала бу. Хьайн ойла гайта оьшуш долу дешнаш а ца карадо. ЕГЭ луш а яц вайн маттахь. Тхан берашна ца оьшу и к1орггера 1амо».

Со а, сан хьехархо а, сан нийса накъостий а реза бац ишттачу дешнашна. Шен ненан мотт безархьама х1унда оьшу ЕГЭ? Х1унда бу вайн ненан мотт къен? Сан дог лозу и санна долу дешнаш хезча.

Мел хаза бу-кх сан нанас соьга буьйцу мотт! Мел хаза, дог хьостуш, хезачуьнан самукъа доккхуш дека вайн ненан маттахь иллеш, байташ!

Сайн болх берзо лаьа сунна дешнашца:

МОТТ БУ - КЪАМ ДУ, МОТТ БАЦ - КЪАМ ДАЦ!»

Ткъа сан а, сан накъостийн а декхар ду ненан мотт безар, ницкъ ма кхоччу ненан маттахь туьйранаш, байташ, х1етал - металш, чехкааларш дешар, уьш вовше дийцар.



 
 
X

Чтобы скачать данный файл, порекомендуйте его своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить материал