- Учителю
- Конспект урока по чеченскому языку Доладерзоран билгалдешнаш
Конспект урока по чеченскому языку Доладерзоран билгалдешнаш
</ Урокан ц1е Доладерзоран билгалдешнаш.
1алашо: Билгалдешнийн тайпанаш довзар. Хаа деза уьш вовшех къасто. Муьлхачух олу Доладерзоран? Цара х1ун гойту? Оьздангала кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Ойла т1еерзор.
2.Харжаран диктант
Сихха хьалахьажийра аса б1аьргаш. Лекхачу екх- начу стиглахула тийна нека деш къилбехьа оьланаш йина д1ашершара к1айн, кегийн, яйн мархаш. Щеххьана сан коьрта т1ехула хьаьвзира кегийчу чуьркийн дийн- на цхьа ж1уга. Сан бага а, меран 1уьргаш чу а, б1аьргаш чу а г1оьртира уьш. Царех масех чуьрк хааелира суна сайн метта т1ехь. Цхьаъ таттаелла легашка а кхаьчна, садукъделла йовхарш етта волавеллачу сан б1аьргех а, мерах а хи хьаьдира. ... Екъа къамкъарга чуьра чуьрк ара кхосса аьтту белира сан. Оццу минотехь хьаькх- начу байчу механ т1улг1ено йовдийна юьстаха ехира чуьркаш. (Хъ. Саракаев)
-
Х1окху кийсак т1ера схьаязде билгалдешнаш ц1ердешнашца цхьаьна. Х1иттаде хаттарш. Дийца, х1ун гойту билгалдешнаша.
-
Муьлхачу къамелан декъаца уьйр ю церан? Муха хийцало уьш?
3.Ц1ахь бина болх таллар
1. Ц1ахь кхочушдина 28-г1а шардар д1адоыыу, билгалдешнаш юкъара д1а а даьхна, цул т1аьхьа - уьш юкъахь а долуш.
Билгалдешнаш юкъахь долуш я доцуш дика муха кхийтира шу оцу предложенийн чулацамах? Муха табо вайн мотт билгалдешнаша? Уып юкъара д1адаьхча буьз- зина чулацам хир буй вай дуьйцучун?
-
Муха хийцало билгалдешнаш? Шардарна т1ера да- ладе масалш.
-
Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къа- стам. Предложении муьлха меже хуьлий лела билгал- дош?
4. Керла коьчал йовзийтар
1. XIapa дешнийн цхьаьнакхетарш кепан дог1учу тайпане д1анисде:
-
аьттан шура, йишин бер, Эдалханан некъаш, цхьогалан ц1ока, г1умкийн мотт;
-
аьчкан ков, таханлера де, лулара нах, хьалха- лера зама, дененан туьйра;
-
хала хьесап, дуткъа к1ади, дера хьаьким, то- кхе гуьйре, лекха дег1.
-
Маса тайпа ду билгалдешнийн? Щерш яха це- ран.
-
-
Муьлха билгалдешнаш нисдина хьалхара кепа чу?
-
Х1ун гойту цара?
-
Муха ду церан хаттарш?
Иштта болх бо дешархоша, дисина дешнийн цхьаьнакхетарш, шайн маь1не хьаьжжина, дог1учу тайпанаш- на чу а нисдеш.
-
Дешархошка йоьшуьйту 2-г1а §.
Муьлха билгалдешнаш яздо доккхачу элпаца?
Даладе масалш.
5.. 1амийнарг т1еч1аг1дар
-
Кхочушдо 32-г1а шардар.
-
Гуьйре, стигал, мархаш, мох, латта, аренаш, хьан- наш, акхарой, олхазарш, г1аш, дитташ, хи, зезагаш, буц, дог1а бохучу ц1ердешнашна уллохь язде билгал- дешнаш, шайн оьшучу терахье а, дожаре а х1иттош. Билгалдешнийн тайпанаш билгалдаха.
муха? муха? муха?
Ken: Хаза гуъйре, дашо гуьйре, шийла гуьйре.
-
Шаьш кхоьллина дешнийн цхьаьнакхетарш юкъахь а долуш, х1иттае предложенеш.
-
Муьлхачу хенах лаьцна дуьйцу оцу предложене- ша?
-
Шина-кхаанна (предложенина) бе синтаксически къастам.
-
Билгалдешнаш муьлха меже хуьлий лела?
хьенан? хьенан?
-
Пхьагалан ларо гайтира цуьнан бен. Пхъагалан дог дара оцу к1иллон кийрахь.
Хьалхарчу предложенехь долчу билгалдешан тай- па билгалдаккха.
Шолг1ачу предложени т1ера билгалдош дуй оцу тайпанера? Х1унда дац?
Берзан дог бохучу дешнийн цхьаьнакхетар юкъахь долуш х1иттае оцу кепара предложенеш. Билгалдешнийн тайпанаш муха ду? Х1ун гойту цара?
-
Оьзда, к1еда-мерза йоккха с таг яра Мурадан нана. Дарлой, оьг1азе йист ца хуьлура иза Бетаран берашка.
-
Билгалдешнийн тайпанаш язде царна т1ехула.
-
Муьлхачу элпаца яздо долахь долчу ц1арах хил- ла билгалдош? Даладе масалш.
-
Оцу предложени т1ехь юй синонимаш? Муьлха къамелан дакъош ду уьш? Предложении чулацам к1аргбиний цара?
6.Жам1 дар:
-
Муха къастадо билгалдешнийн тайпанаш?
-
Мухаллин билгалдешнаша х1ун гойту, муьлхачу хаттаршна жоп ло цара? Даладе масалш.
-
Юкъаметтигаллин билгалдешнаш. Даладе масалш.
-
Доладерзоран билгалдешнаша муьлхачу хаттаршна жоп ло? Х1ун гойту цара? Муха яздо долахь йолчу ц1арах кхолладелларг?
Даладе масалш.
7.Рефлекси.
.
Ц1ахь бан болх
-
1амае 2-г1а §. Шардар 28