7


  • Учителю
  • Открытый урок по чеченскому языку на тему: 'Предложенин цхьанатайпанара меженаш'

Открытый урок по чеченскому языку на тему: 'Предложенин цхьанатайпанара меженаш'

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание:
предварительный просмотр материала

Муниципальное образовательное учреждение

«Средняя общеобразовательная школа №56»


Йиллина урок








Урокан ц1е: «Предложенин цхьаьнатайпанарчу меженах 1амийнарг т1еч1аг1дар,

карладаккхар.»




Класс:8«А»

Хьехархо:Абуева Т.И.

Грозный

Предложенин цхьаьнатайпанара меженаш
(карладаккхар,т1еч1аг1дар)

1алашо:



Дешаран :Цхьанатайпанара меженаш схьакаро, цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.

Юкъара дешнаш схьакаро,сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш .



Кхетош-кхиоран::.Винчу махке безам кхиор, , шайн г1алах дозалла дар д1адаханчуьнга ларам кхиор

Урокан г1ирс: Компьютер, мультимедийный проектор, дидактически материал, текст.


Урок д1аяхьар

«Ненан мотт,

Дайн г1иллакх лардеш

Лаха вай
Кху лаьттахь ирс.»

Слайд №1


1.Урокан ц1е ,1алашо д1ахьедар

Де дика хуьлда,бераш. Бераш ,тахана вайн урок цхьа ша тайпа хир ю., урок-дезде «беза хьайн мохк» ц1е йолуш.


Слайд №2

Суна хетарехь, урокан ц1е «Цхьанатайпанарчу меженах лаьцна 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар» вайн дезчу денна юкъайог1уш хир ю.


Слайд №3,4


Вайна хаа деза:


Цхьанатайпанарчу меженийн билгалонаш.

Юкъара дешнаш х1ун ю ,церан маь1на.


Хаа деза:

Цхьанатайпанара меженаш схьакаро, Цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.

Юкъара дешнаш схьакаро,сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш .

.


- Д1аязъе терахь,классера болх,урокан ц1е.


Слайд №5-

  • Вайн латта, бераш, хьа1 ду шайн хазаллех лаьцна лаккхара дешнаш дало.И хьа1 ду ,вайна хаа,доладан д1адахнарг,хилларг, Вайн дай.орамаш хаа. Оцу хаарша вай 1амор ду вайн мохк ларбан , цу т1ехь дай хила. Цундела вайн урокан ц1е тахана йоьзна ю вайн махкаца..

Слайд №6 (мукъамца).

Даймохк!... Оцу дашца д1ах1уьтту г1аланаш,аренаш,безачеран а,цабевзачеран а яххьаш Ткъа муха боху поэташа?Ладог1а стихотворенин кийсаке Рашидов Ш..

…Х1ара бу сан Даймохк, б1аьрхишца лехнарг,

Ерриге сан деган йовхо ю хьоь.

Х1умма дац дуьнен чохь сийлахь, хьан меха,

Со х1инца хьоьца ву, сан Нохчичоь!

Дай-наной ,Даймохк-Цхьана ораман дешнаш.Х1окху дезчу дешнаша г1одо вайна беза а,бовза а н охчийн мотт,хьоме мукъам, къоман г1иллакхаш ,ламасташ къоман.

Даймехкан иллига шеен безам боцург

Ша винчу махкаца з1е йоцуш ву.

Геналлехь Даймехкан цхьа илли хезча,

Б1аьргех хи хьодура, лууш и ган.

Лекхачу лам т1ера Малхбузе хьежча,

И гур бу моьттура дог 1абош цкъа…

Ц1ахь аша Даймахках, лаьцна кицанаш лаха дезаш дара ..Толлур бу вай Ц1/Б.


-Ткъа х1инца ладог1а 1.Юсуповс муха гойту шайн 1аламе а,махке а болу безам.


Готуьйсуш лелачу хиэ а, хиэ кхуллучу махо а , махо техкочу г1а-бецо а, г1а-бецо кхобучу дийнато а хьекъале дуьйцур ду хьуна ,лаамийн х1азарх бихкинчу адаман матточул а.

- Синтаксический къастам бе оцу предложенина.

.


- Х1инца бакъонаш т1е девр ду вай.


2. Слайд №7


Карладаккхар.. Блиц -Хаттар:

  • Цхьанатайпанара меженаш олу…………………………

цхьана хаттарна жоп а луш ,цхьана дашах йозуш йолчарех.

  • Цхьанатайпанара меженаш йозуш хуьлу ......................

цхьана дашах

  • Уьш хила там бу предложенехь.......................................

муьлхха а меже.


  • Предложенин цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш ю...

кхаа тайпана:дозаран-а,къасторан -я,дуьхьалара-ткъа,амма


  • Цхьанатайпанара меженаш хуьлу.................................

яьржина а ,яржаза а.


  • Цхьанатайпанарчу меженашна юккъехь юьллу......................

запятой


- Цхьаьнатайпанара меженийн билгалонаш схьайийца:

Слайд №8


цхьана хаттарна жоп ло;

цхьана дашах дозуш хуьлу;

вовшахъхутту цхьаьнакхетаран хуттаргаша;

интонацица олу.



- Схьаязье предложенеш варианташкахь (ПО РЯДАМ).

Слайд №9

3.Т1едиллар: Д1аязъе . Билгалъяха цхьанататайпанара меженаш, оьшуш доллу сиз хьакха.. Х1иттаде сацаран хьаьркаш. Предложенин схемаш х1иттае.

1.Суна лаьара винчу махка верза сайн берриге ницкъ къинхьегам д1алуш халкъана Даймахкана пайдехьа хила.

2. Оьздангалла г1иллакх дикалла комаьршалла и дерриге а шеца долуш вара иза. (ц,ц,ц,ц-ю]

3. 3. Массо а стеган декхар ду шен латта довза а деза а лардан а..

[ ц а,,ц а,ц а.].

( уьн т1е вог1у цхьацца дешархо шайн тетрадашца ,х1иттайо схеманаш.дуьйцу сацаран хьаьркаш х1иттор.)

Дешнаш т1ехь болх:


Сийсаздан-сий дайъа,ц1е йожо,бехдан.

Оьзда -лаккхара г1иллакх долу


- Дийца юкъарчу дешнашкахь сацаран хьаьркаш х1итторех


Слайд №10 гайтар

Слайд № 11,12,13,14.

Т1едиллар: сацаран хьаьркаш х1итторех дийца( барта)


а). Ша вина юрт хьоме Терк Кавказ вайн Даймохк безар уьш дерриге шеца долуш ю Мамакаев 1аьрбин поэзи


б). Г1иллакх долчохь ларам хуьлу ларам болчохь нийсо хуьлу.


Слайд №15.

5. Шаьш бан болх.

Т1едиллар: Д1аязъе . Х1иттаде сацаран хьаьркаш. Предложенин схемаш х1иттае.

в. Адамийн а дийнатийн а бецийн а хьаннийн а дахар 1аламах хаьдда хила йиш йолуш дац.

(1 дешархочо уьн т1ехь схема юьллу ,кхетадо.)


Нохчийн меттан тестови т1едахкарш.. Слайд № 15,16,17,18.

Нийсаниг харжар

Цхьаьнатайпанарчу меженашца предложенеш


Дешархошна хаам (Т1едилларехь хила йиш ю 1.2 нийса жоп.)


№1 Билгалдаккха нийса доцург.


  • А.цхьанатайпанара меженаштайп-тайпанчу къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло.

  • Б.Уьш муьлхха а меже хила там бу.

  • В. Запятой ца юьллу хуттаргаш йолчу цхьанатайпанарчу меженашкахь

  • Г. Юкъара дешнаш цхьанатайпанарчу меженашна хьалха я т1ехьа хуьлу.

№2.Билгалъяха цхьанатайпанара меженаш къасторан хуттургаца вовшахкхетта предложенеш

А.Дикачу,оьздачу г1уллакхаша кхачаво стаг адамийн лараме .

Б. Куралла а,сонталла а шала йина ю.

В.Цунна ша стиглахь ю я лаьттахь ю ца хаьара.

Г.Хьуьн чохь дукха бу стоьмаш, ц1азамаш , ораматаш.

Д. Я шайн к1ант схьаваийта ,я хьо вола .

Е.Стихотворенеш, дийцарш, повесташ ,пьесаш -тайп-тайпана произведенеш язйина Бадуев С.

№3. Билгалъяха къасторан хуттургана хьалха запятой ца юьллу предложенеш.

А.Шовдана йисте хи мала беанера г1ала я стен сай.

Б.Б1аьрг кхарсторх хаалуш я хи а я колл а я дечиг а яцара.

В.Урамехула дог1уш гуш я луьйш хезаш адам дацара.

Г.Хазалла я комаьршалла яцара цуьнца.

№4. Билгалъяха юкъара дешнаш долу предложенеш.

(сацаран хьаьркаш х1иттийна яц).

А. Барт боцу юрт а барт боцу доьзал а х1аллакьхилла

Б.Тайп-тайпана стом карабора хьаннашкахь а хотешкахь а 1аж хьач кхор хьаьмц.

В.Аьхкенан йоца амма сирла тийна буьйсанаш.

Г.Кхузахь доцуш даарш дан а дацара жижиг далнаш хьокхамаш г1аймакхаш.

Д.Беха а чолхе а некъ бина вайнехан халкъо шен исторически кхиарехь


Жам1. Слайд №19


Жам1: Вайн къамелехь нисло предложенеш масийтта меже йолуш.,цхьана хаттарна жоп а луш,цхьана къамелан декъах йозуш а йолуш.

Предложенин оцу тайпанарчу меженех цхьанатайпанара меженаш олу..

Слайд №10 (с музыкой)

Нана санна Даймохк беза

Аьлла дита х1оттац со-м.

Дегабаам барна кхоьру

Цунна ша ца хетча сов.

Даймохк,Нана ,стенца лара ас сайн шуьга безам сайн

Цхьа а терза дац и оза ,хоьур бац и даг чу бен


Массо а стеган шен дахаран т1аьххьара денош т1екхаччалц ша винчу метте,шен дахаро юьхь йолинчу -ден ц1а,хомечу махке-безам буьсу.


Махкан а ,г1алан а д1адахнарг вай кхуллу. Вайн хьалха дуккха декхарш ду.. Оцу декхарша сатуьйсу хьекъалечу, къахьоьгучу, керланиг дохьучу дега.

Росси а, Нохчийн Республика и декхарш кхочушдаран новкъа т1ехь ю. Вай кхайкхориг- машаре политика, х1унда аьлча машаре мохк -ирсе дахаран закъалт

Цундела вай баркаалла ала деза вайн президентанна,1едална вай ишттачу маьршачу заманахь дахарна. Вайн аьтту бу деша ,болх бан. Машар хиларна вай ирсе ду.

Вайн ц1а-иза вай чохь 1ен цхьа квартира хила ца 1а ,амма урама,г1ала а, республика а .Вайн ц1а - иза вайн боккха мохк. Ц1а оганашца ч1ог1а хилла ца 1а. И ч1ог1а ду адамийн доттаг1аллица ,гергалонца.


Байт ешар «Кхайкхахьа соьга , Даймохк!» Сайдуллаев Хь.

Хьар бошмийн зазашлахь маьлхийн нур хьоьстуш.

Хьан лаьмнийн белшаш т1е хьаьрчина дохк.

Хьол хаза ,хьол хьоме х1умма ца хеташ,

Деттало ,шовкъ хьайна кийрара дог.


Кхайкхахьа соьга хьо ,сан орца эшча ,

Кхайкхахьа 1уьйранна малх г1аттале.

Сан деган иллин мерз хьайн сина безча

Сан Даймохк ,со хьайна ахь велхаве.


Рефлекси:

-Х1окху урокехь х1ун хазахийтира шуна?

- Керланиг х1ун дара шуна урокехь? Самукъанениг?


- Кху т1ехь вайн урок чекхйолу

Слайд№21

Баркалла массарна.


Слайд №22

_ Бераш д1аязбе ц1ахь бан болх дневникаш т1е.

  • Газеташ, журналаш т1ера цхьаьнатайпанара меженаш йолу 8 предложений схьаязъян /

  • Жима сочинени «Вина мохк -мазал мерза!»

- ОЦЕНКАШ УРОКАНА.




 
 
X

Чтобы скачать данный файл, порекомендуйте его своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить материал