7


  • Учителю
  • Урокан ц1е: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инарла-майоран Александр Чеченскийн васт. 10 класс

Урокан ц1е: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инарла-майоран Александр Чеченскийн васт. 10 класс

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание:
предварительный просмотр материала

Йиллина урок 10а классехь

Урокан ц1е: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инарла-майоран Александр Чеченскийн васт.

1алашо: 1. Повестан хиламашкахула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заманан кегийрхой, ишттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.

3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!

Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

XVIII-XIX-чу б1ешарахь паччахьан эскаро нохчийн ярташ ягочу хенахь , 1ожалла ца хиларна дийна диссина масех нохчийн бер. Цара Росси исторехь йовр йоцу лар йитна. Нохчийн доьзалшкахь кхиъна а ца хилла уьш. Вайн дайн г1иллакх-оьздангалла йовза аьтто а ца хилла церан. Амма кхиъначул т1аьхьа самайолу церан ц1ийца хилла оьздангаллин мехалла. Цхьа жоьпаллин киртиг т1ехоьттича нохчашна юкъахь баьхначу нохчаша санна къастадо цара т1ехоьттинарг. Иштта болчарех йоккхае со, церан нохчаллех доггах дозалла а до.

Интерактивни уьн т1ехь гойтуш ю паччахьан заманахьлера бал.

Уьн т1ехь яздина дешнаш ду:

Сий-Далла, г1уллакх дар-паччахьана.

Х1оттайо сценка.

Хьехархо: И къамел дина ши къонах муьлхачу произведени т1ера вара?

Вевзирий шуна и шиъ?

Муха кхийтира шу цаьршинан къамелах? Сий-Далла, г1уллакхдар-паччахьана бохучу дешнийн маь1на хьан достур дара аш?

Дешархо: Далла хастам бо ша боху цо. Вайна го и Делах тешаш хилар а, и бусалба стаг, хилар а. Ткъа паччахь цо сийсаза ца во, цо ша паччахьана муьт1ахь хилар гойту. Амма и паччахь велахь а, ша сийсазвар ловр доций д1а а хоуьйту цо цуьнга.

Хьехархо: Ткъа паччахьо та1зар дирий цунна? Х1унда ца дира цо цунна та1зар?

Дешархо: Паччахь ца х1оьттира цуьнца и дешнаш къийса, х1унда аьлча кхузахь паччахьан г1иллакх ца хилар го вайна, цо ца вешаш олуш долу дешнаш а хеза вайна. Амма яхь д1а ца яла шен са д1адала а кийча ву и. Яхь бохург уггар сийлахь а, деза а ду цунна. Иза оьздангаллех вуьззина къонах стаг ву.

Тутаев Муслима (чеченскис) йоьшу стихотворени «Къонаха» Арсанукаев Шайхин сонетийн кочар т1ера.

Хьехархо: Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна. Вайн урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна? Ткъа 1алашо?

Дешархо: Вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, ткъа урокан ц1е а Александр Чеченскийн васт хир ю аьлла хета суна.

Хьехархо: Хьан язйина и повесть? Муьлха зама ю цу повесть т1ехь юьйцург?

Х1ун хиламаш бу кху т1ехь буьйцурш? Вай яханчу урокехь повестан чулацам т1ехь болх бира. Ткъа истори урокехь 1амийна шуна вевзаш хир ву аьлла а хета суна Александр Чеченский.

Дешархо :Тоьллачарех цхьаъ ю Гайсултанов 1умаран «Александр Чеченский» ц1е йолу исторически повесть. Иза 1974-чу шарахь араяьлла. Дуккха а исторически хиламаш чулоцуш ю повесть. XVIII-чу б1ешарахь шайх Мансур коьртехь а волуш нохчаша а, Къилбаседа Кавказан кхечу къаьмнаша а паччахьан эскаршна дуьхьал шайн парг1атонехьа латтийна къийсам гайтарца йолалуш ю повесть. Ц1еххьана т1елеттачу паччахьан эскаро Алда юрт йохийна, ягийначул т1аьхьа, меттиг толлуш схьабог1учу оьрсийн салташа, комаран дитта т1ера охьа а воккхий , г1опе д1авуьгу ворх1- барх1 шо кхаьчна жима ши к1ант. Царах цхьаъ кхио шега валар доьху Николай Раевскийс. Иштта нисло 1али оьрсийн х1усаме.

XIX-чу б1ешарахь Европехь цхаьаьна кхеттачу эскарша Наполеонна дуьхьал бина т1емаш, 1812-чу шарахь хилла Даймехкан т1ом, паччахьан 1едало Кавказехь шен колониальни политика д1акхоьхьучу хенахь оьрсийн прогрессивни нехан нохчашца хилла юкъаметтигаш а гойту повестехь.

Хьехархо: Мила ву повестан коьрта турпалхо? Хьан буьйцур бара аш повестан боцца чулацам ?

Дешархо: Схьабуьйцу боцца повестан чулацам.

Хьехархо: Ша д1авуьгучу хенахь къеначу Жумас бина хьехам муха т1елецира жимачу 1алис? Х1ун маь1на долуш бара иза цуьнан дахарехь?

Хьехархо: Х1ун дог-ойла кхоллаелира Александр Чеченскийн ша винчу юьрта кхаьчча?

Хьехархо: Муха кхоьллина повеста т1ехь коьртачу турпалхочун васт?

Дешархо: Повестан коьрта турпалхо Александр Чеченский ву. И васт историески бакъдолчунна т1ехь кхоьллина ду яздархочо. Алесандр Чеченский нохчех схьаваьлла хилар документаша ч1аг1деш ду.

Повеста т1ехь Александр Чеченский вайна дуьххьара го и жима бер долуш, ворх1-барх1 шо долуш. Нана елла деца вуьсу иза.

Да шайн парг1атонехьа паччахьан эскаршца бечу т1ама т1е воьдура, луларчу зудчуьнга к1ентан тергое а олий.

Ц1еххьана паччахьан эскаро юрт йохийна, ягийначул т1аьхьа, йийсар вай д1авуьгу жима 1али.

Майра, т1ахъаьлла, х1уманна б1окъажар боцуш хиларо везаволуьйту и къоначу поручикана Николай Раевскина, хьаькамашка дехар а дой к1ант кхетош кхиор шена т1елоцу Раевскис, цо цунна Александр ц1е туьллу Александр Македонский санна дика т1емало хир ву олий. Чеченский фамили а, шен отчество а ло цунна Раевскис. Лаккхара йоза-дешар а, культура а ло цо цунна . Кестта дика т1емало а хуьлу цунах. Цунна ца лаьа шайн парг1атонехьа къийсам латтош болчу нахаца т1ом бан. Рапорт а язйой Наполеонаца т1ом бан воьду иза.

Т1еман уггаре хала йолчу меттигашкахь дакъалоцу цо, чинехь лакха а волу.

Т1амехь т1ех майра хиларна М.И. Кутузов а лерам болуш хилла Чеченскига. Поэт , майра т1емало а волчу Денис Довыдовца а партизански отрядехь майра хьуьнарш гайтина цо.

Повестехь автаро вайна гойту цуьнан Даймахкана, халкъана хьанал хилар, цуьнан доттаг1аллин уьйраш, цуьнан ц1ена безам. Амма цхьанна а хьалха корта охьабохуьйтур болуш вац иза. Яхь бохург уггар сийлахь деза ду цунна, и д1а ца яла са д1адала а кийча ву и. Оьзданаллех вуьззина къонах стаг ву Александр. Француз волу Русско а шен оьздангаллица ч1ог1а цецвоккху цо.

Цо шайна т1ехь куьйгалла диначу г1алаг1азкхашна а везавелира иза нийсо езаш а, низам лардеш а хиларна.

Ша эскарера мукъа а ваьккхина, оьрсийн къомах йолу зуда а ялийна, доьзал а болуш, помещик а хилла охьахиъча а синтем бац Чеченскийн. Цуьнан кхетамехь адам цхьатерра даха кхоьллина ду. Адамо адам дацорна дуьхьал ву и. Амма и тешаш ву, шайга дан ца делларг берашка далург хиларх. Уьш дацахьара хиндерг сирла а, тешаме а хир дацара боху цо.



Хьехархо: Х1ун баьхана ду Чеченскийн Россехь тийна бен цакароран?

Дешархо: Александран даг чохь синтем бац, я хуьлийла яц, кхуьнца цхьана т1ом бина ахархой парг1атбовллалц. Цуьнан кхетамехь адам цхьатерра даха кхоьллина ду. Иза дуьхьал ву адамо адам дацорна. Шераш д1а мел довлу, и тешам ч1аг1ло цуьнан даг чохь. Дуьненахь цхьанхьа а бац тийна бен боху цо.

Хьехархо: Повесть муха чекхйолу? Х1ун ойланаш ю А. Ч.-н коьрте хьийзарш?

Тобанашна болх: Синквейнаш язъе дахар, къонах, яхь бохучу дешнашна.





Дешархо:

Дахар

Деха, доца

Хьоьсту, чиэхаво, 1амаво

Дахар-х1ора маь1на де

Ирс.





Къонах

Лекха, сийлахь

Лакхавоккху, сий айдо, вазво

Къонах-цул сийлахь дарж Нохчийчохь дац

Дарж.



Яхь

Оьзда, харц,

Хазво, толаво, эшаво

Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант

Синмехалла.

Хьехархо: Х1ун дог-ойла кхоллайолуьйту шун х1окху повесто?

Дешархо: Ша ваьхначу замане хьаьжжина, башха, шатайпа кхоллам болуш ву повестан коьрта турпалхо Александр Чеченский. Б1ахьаллин хьуьнарш довзийтарал сов, цуьнан ойланаш, ц1ена безам, доттаг1аллин уьйраш, Даймахкана, халкъана иза хьанал хилар го вайна повестехь. Со ч1ог1а йоккхае и тайпа къонахий вайн къоман хиларх. И тайпа кхоллам болуш хилла г1араваьлла суртдиллархо Петр Захаров а.

Петр Захаровс шен суьрташ буха куьг та1ош хилла «Захаров из Чеченцев», я «Захаров-Чеченец» олий. Аш бакъо лахь вайн таханалерачу урокаца йог1уш яцахь а, айса кечйина презентаци гайта а, цунах лаьцна к1еззиг дийца а луур дара суна.

Петр Захаровн васт.

1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.

Шена доладинчу казакан фамили а, денц1е а елира цунна. Т1аьхьо шен фамили т1ехьа «Чеченец» аьлла дош туьйхира цо. Шен суьрташна бухахь куьг яздора цо «Захаров из Чеченцев», я «Захаров-Чеченец» олий.

Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.

1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.

1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.

Шен дахарехь ахчанца долу г1уллакх тодархьама иза воьду т1еман г1уллакхийн депортаменте балха, суртдиллархочун даржехь «Сайн яйна могшаллийца, дозанал дехьа д1аваха хилла ойла кхочуш ца хиларна, ас т1елецира сайна нисделларг. Дукха ахча дацахь а кхузахь доккхург, хенах вала тоьа суна»,- яздо цо 1841-чу шарахь.

Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.

</<font color="#002060">1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.





Хьехархо: Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьадаьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а? нанас оьздачу маттаца кхетош-кхиош, набарна дийшош хазачу мукъамехь ненан маттахь аганан илли олуш, кхиадо вай.

Ткъа вай нохчий ду. Дуьне кхоьлличахьана оьздангаллийца, яхьца г1арадаьллачу къомах схьадевлла адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь

г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай. Ткъа вай хьехийначу турпалхойн аьтто ца хилла шайн дех-ненах марзо эца, вайн нохчийн, хазачу г1иллакхийн к1оргенаш йовза. Цера хилла кхоллам ма хуьлийла шун. Дала ирс, аьтто бойла шун дахарехь!

Вайн йиллина урок цу т1ехь чекхъели.



Рефлекси: Муха хийтира шуна вайн урок? Х1ун керланиг хиира шуна? Реза дуй шу урокана? Кхечу аг1ор х1отто мегар ярий вай и?

Дешархоша уроках лаьцна шайна хетарг олу.



Ц1ахь: Сочинени язъе «Александр Чеченскийн васт» темина.





















МБОУ «СРЕДНЯЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА №16»

ГОРОДСКОЙ СЕМИНАР





Урокан ц1е: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инарла-майоран Александр Чеченскийн васт. 10 классУрокан ц1е: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инарла-майоран Александр Чеченскийн васт. 10 класс





НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРАН ЙИЛЛИНА УРОК:

«1812-чу шеран т1еман турпалхочун

инарла-майоран Александр Чеченскийн васт».

Урокан ц1е: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инарла-майоран Александр Чеченскийн васт. 10 класс





Хьехархо: Закриева Есита Ахъядовна



МБОУ «СРЕДНЯЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА №54»





































Хьехархо: ХАСАРОВ РАМЗАН ШАРАНИЕВИЧ









МБОУ «СРЕДНЯЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА №54»









Урокан ц1е: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инарла-майоран Александр Чеченскийн васт. 10 класс





Хьехархо: Закриева Есита Ахъядовна





МБОУ «СРЕДНЯЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА №54»





Урокан ц1е: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инарла-майоран Александр Чеченскийн васт. 10 класс





Хьехархо: Закриева Есита Ахъядовна





МБОУ «СРЕДНЯЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА №54»





















Хьехархо: ХАСАРОВ РАМЗАН ШАРАНИЕВИЧ







 
 
X

Чтобы скачать данный файл, порекомендуйте его своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить материал