7


  • Учителю
  • Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание:
предварительный просмотр материала

НУрок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)охчийн литература















Коьчал: Мамакаев 1аьрбин

поэма







































Хьехарсахьтан коьчал: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь»

поэма. Поэмин эпически а, лирически а чулацам.

Авторан васт.



Хьехарсахьтан 1алашо: Нохчийн гоьваьллачу поэтан Мамакаев

1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин

чулацам дешархошца бийцаре бар. Нохчийн

къоман ламасташ, 1адаташ довзийтар, дийцаре

дар.

Дешархойн къамел кхиор, шаьш ешначу

говзаран чулацам барта схьабийца хаар шардар.

Бераш нохчийн исбаьхьаллин литературе,

Даймехкан 1аламе безам болуш, вайнехан

г1иллакх-оьздангаллин хьостанаш девзаш

кхетош-кхиор, церан могшалла ларъяран т1ехь

тидам латтор.



Хьехарсахьтан г1ирсаш: «Нохчийн литература» 9-чу классана

хрестомати.

«Нохчийн литература» 9-чу классана 1амат.

«Юккъерчу школехь нохчийн литература

хьехаран методика» г1о-1амат.

«Школехь исбаьхьаллин произведени

таллар» г1о-1амат.

«Нохчийн литература хьехаран некъаш»

г1о-1амат.

«Юккъерчу школийн лакхарчу

классашкахь ненан мотт, литература хьехар»

г1о-1амат.

«Нохчийн лаьмнашкахь» 1.Мамакаев.

«Хаьржинарш» 1.Мамакаев.

Мамакаев 1аьрбин сурт.

«Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин

чулацамах дехкина суьрташ.

Компьютерни презентацеш.

Хьехарсахьтан некъ:



1. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор.

1). Маршалла хаттар.

2). Журнал кхочушдар.

3). Хьехарсахьтан коьчал а, 1алашо а, хьехарсахьтан декъашхошна хьалха

х1иттош долу декхарш а довзийтар.

4). Гайтаман г1ирсаш кечбар.





2Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс). Керла коьчал йовзийтар, йийцаре яр.

1Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)). Нохчийн гоьваьллачу поэта, яздархочо кегий стихаш язйина ца 1еш, яккхий говзарш а язйина. Уьш ю 1939 - чу шарахь язйина йолу «Аслаг1ий, Селехьаттий» ц1е йолу поэма а,1940-чу шарахь язйина «Винчу юьртахь» ц1е йолу повесть а. Ала деза уьш авторо йоккхачу говзаллица кхоьллина хиларх. Къаьсттана лакхара корматалла гойту авторо «Аслаг1ий, Селехьаттий» ц1е йолчу поэмехь. 1939-чу шарахь язйина йолу и поэма поэтан кхоллараллехь йоккха меттиг д1алаьцна ца 1аш, нохчийн эпически поэзи кхиарехь а керла т1ег1а хилла д1ах1оьттина. Поэзин йоккхачу эпически жанрехь йолчу говзар т1ехь халкъан дахарехь к1орггера маь1на долу г1уллакхаш къастадора поэта.1958-чу шарахь автора, к1еззиг хийцамаш а беш то а йина, «Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е а тиллина, арахецна шен поэма.

Мамакаев 1аьрбин поэтически корматалла къеггина гучуйолу оцу поэми т1ехь. Ша гайтина долу дахаран хьелаш к1орггерчу исбаьхьаллин кепехь листина поэта. «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин идейно-тематически чулацам шуьйра бу. Хьалхалерчу заманан халкъа юкъахь даьржина хилла ч1иръекхаран 1адат 1орадоккху поэми т1ехь. Дог ц1ена безам а, тешаме доттаг1алла а гойту поэта поэмехь. Обаргаллин г1уллакхаш а къастадо. Къехоша паччахьан 1едалан т1е1аткъам лайна хиларх дуьйцу. Нохчийн 1ер-дахаран дуккха а исбаьхьаллин суьрташ

дехкина автора. 1аламат хаза гайтина къоман г1иллакхаш,

Даймехкан 1алам. Поэмин коьртачу турпалхойн - Аслаг1ин, Селахьатан ирс 1адаташ бахьана долуш духу.

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)«Нохчийн лаьмнашкахь» поэма 1аморо вайн къоман хьалха д1адаханчу дахарх долу хаарш алсамдохур ду: ширчу, зуламечу 1адаташна дуьхьал къийсам а латтош, оьздачу, дикачу г1иллакхех пайдаэца 1амор ду, халкъе а, Даймахке а болу безам ч1аг1бийр бу.

Поэми т1ехь къеггина гойту, шена ца везачу

воккхачу стаге - моллига нуьцкъаха маре йохуьйту

Селахьат. Иштта акхачу а, халачу а г1иллакхаша адам

карзахдоккхура. Царах цхьацца берш къийсаме буьйлура

цхьалха. Иштта кегийчу тобанех обаргийн г1еранаш олура.

Бакъду, обаргаш бовлура хьалха дукха хьолахь уггаре къен

болчарах. Поэми т1ехь вуьйцучу обарг Зеламхас паччахьана

дуьхьал цхьалха къийсам латтабора. Цундела Зеламхин

тобано латтийна къийсам лара мегар дац революционни

г1уллакхах д1атоьхна. Х1унда аьлча, обаргийн къийсам а,

лаам исторически к1езиг 1алашо йолуш хилла. «Нохчийн

лаьмнашкахь» ц1е йолу поэма чулацамехь а, исбаьхьаллин

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)поэтически г1ирсашца а ешархочун шена т1е боккха тидам

бохуьйтуш ю. лаьмнийн, ширачу хьаннийн къамел дан йиш

хилча, «ладоьг1нарг велхавеш, хийла аз хазор дара», боху

авторо.

2). Д1айолало поэма, автор ешархочух дагаволуш. Къеначу

лаьмнийн, ширачу хьаннийн къамел дан йиш хилча ,

«ладоьг1нарг велхавеш, хийла аз хазор дара», боху авторо.

Цу дешнаша билгалдоккху доккхачу 1азапехь

д1адахана нохчийн халкъан шира дахар. Даггара и дийца

шена лаар хоуьйту автора:

«Ладог1ахь, д1адийца

Со говза вацахь а,

Вайн дайша лелийнчо

Хьоь ойла йойтур ю…»

«Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин хьалхара дакъа д1адолало -

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)коьрта турпалхо Аслаг1а, вашас санна, шена г1одина волу

Шах1идах къаьсташ. Шо сов ша шен доттаг1 волчохь

маьрша даьккхина дела «х1инца сел ц1еххьана къастар -

1еткъара» дагна. Д1анехьа авторо схьадоьллу Аслаг1а

Шах1ид волчу варан бахьана. Шах1ида Аслаг1а шен ваша

вина т1е а эцна, юьрто и лоруш хиллехь а, «цу к1ентан къа

дара» боху авторо, х1унда аьлча, иза лурвоьлла стаг

хиларна. Ткъа «важа ирсе вацахь а», бохург кхуьнан дас

вийна стаг ву. Оццул балехь Аслаг1а велахь а, безам хала

хиларна, «д1атаса атта дац, дуьххьара езна йо1». Цундела

иза Селахьат йолчу воьду. Аслаг1а ч1ог1а шена везарна,

йо1 цхьа лаьттара, к1ант ларвеш хи йистехь.





Хьалха ша боданах кхийринехь а, х1инца Селахьатана

«кхин кхерам, кхин г1айг1а буьйсанан боданал инзаре

хетара». Амма мел ч1ог1а к1ант шена везахь а, «да-

нана д1атесна яда и кхоьрура», х1унда аьлча, и Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)

лурвоьллий, астаг1ий хиларна, дений, нанний ца везара

Аслаг1а. И шеца д1ацаяр билггал 1орадаьлча, «хьаьвзинчу

б1агоро цуьнан б1аьргаш хьабдира». Самукъане ца йисира

Селахьат а, «ткъа и йо1, г1ийла йо1, бо санна хьоьжура».

Хьалхарчу даша т1ехь болх бар дешархойн хаарш

т1еч1аг1деш царна хьалха хаттарш х1иттадо хьехархочо:

- «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма язъяран 1алашо муха

билгалйоккху авторо хьалхарчу дашехь?

- Халкъо хьалхалерчу заманахь бала хьегар, иза 1азапехь

даьллина хилар муха гайтина автора?

- Ша дийца воллург доккха маь1не а, къоман дахарх

бакъдолу суьрташ поэми т1ехь кхоьллина хилар а муха

билгалдаьккхина поэта?





Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)- Авторан дог-ойла гой вайна поэмин хьалхарчу дашехь?

Муха ю цуьнан Даймахке а, халкъе а йолу ойла?

- Шен поэма ешархочуьнца муха юкъаметтигаш

х1иттайо автора?

Шолг1ачу декъа т1ехь дуьйцу, юьртан къеда

волчу Зайт-Хьаьжиций, хьолахошца Дабазций, Лабазций,

пурстоьпаций барт а бой, луларчу юьртан моллас

Селахьат шена ехийтар. Цу захалонна новкъарло еш волу

Шах1ид, доцу бахьана а х1оттадой, пурстоьпо лоцуьйту.

Селахьат нуьцкъах маре ло къеначу моллига.

Лаьмнашкахь лечкъина лелачу Аслаг1ина ч1ирхоша

к1ело йо. Иза паччахьан 1едало лаца хьовзаво. Амма

накъостийн ницкъ кхочу, Аслаг1ийн чевнаш ерззалц, иза

шайн юьрта вига. Шен чевнех ша вирзинчул т1аьхьа, эвла

йистерчу хьуьнхахь, лечкъина 1ачу Аслаг1ас, ша

Селахьате яздина кехат оьций, Шах1ид вохуьйту и йолчу.

Селахьат боккхачу балехь ю. Молла хьуьжаре вахча,

Шах1идца барт а бой, Селахьат йоду. Буьйсанна и шиъ

Аслаг1а волчу дан новкъа долу говрашка а хоий.

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)Цхьаболчу нехан хабарша ч1ирхой а цабитар

билгалдоккху: «Цара йийнарг котам яц, цуьнан дас стаг

вийна», бохучу дешнаша. Мостаг1ий шена

т1аьхьабевллий хуъушехь, Аслаг1а Шах1иде хьоьжуш 1а

хьуьна юккъехь. Коьртачу г1айг1ано г1елварна, Аслаг1а

набаро 1ехаво. Кондаршна юккъехула т1ег1ертачу

ч1ирхочуьнга авторо боху: «Ма г1ерта…витахьа, набарх

сада1ийтахьа». Амма къинхетам боцчу ч1ирхочо хаза

г1ан-набарш гуш 1уьллучу «бехк боцчун некхах цо и

шаьлта йоьллира». Т1аккха мискачу Аслаг1ин «б1аьргаш

чохь неканца дуьне а хьаьзира». Амма ч1ирхочо

кхочушйинарг шен дог-ойла яц, иза нохчийн нехан

«декхар» ду, ширачух бухадисина. Цундела Аслаг1ас

башха бехке а ца во шен мостаг1. «Сайн ц1ий ас хьанал

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)до, къинт1ера ваьлла со», - боху лешволлучо. Цунна

лаьа иза зен-зулам доцуш к1елхьара волийла а.

«Хьо сихха д1аг1олахь,

Кху метте стаг кхача

Мегаш ву хье ца луш,

Цо лазо там бу хьо»

- бохучу дешнаша гойту: цкъа делахь, лешволлург

стогаллин т1е г1ертар а, шолг1а делахь - шен накъостана

Шах1идана ша бахьанехь т1е бохам ца баийта г1ертар а.

Ша сатийсина некъ т1екхаьчча: «Ва Шах1ид…

Селахьат», - аьлла, кхин ца делла, б1аьргаш хьабдира.

Шен дагна яла хала хиларна, «Аслаг1ин хаьн т1ера

тапча схьаяьккхина, цо шена йожийра б1аьштиг т1е».

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)Ишттачу г1уллакхо х1аллакдира боху авторо и къона ши

дег1. Цундела холчух1оьттинчу Шах1иде: «Хьайн дагца

ч1аг1ло хьо» - боху авторо, х1унда аьлча, «бакъонан малх

кхетталц» нохчийн нехан сий хир доцу дела, аьлча а,

бакъо схьалаццалц адам нислург ца хиларна.

И дакъа чекхдолуш авторо боху, и санна инзаре ирча

х1уманаш «кху нохчийн лаьмнашкахь дуьххьара дацара».

Ерриг поэма чу а ерзош «Т1аьххьарчу дашехь» авторо

билгалвоккху цу зуламан бехкениг. Шийла 1а д1адаьлча,

б1аьсте т1еяро ма-дарра гойту паччахьан акха г1иллакхаш

орамашца хийцар. «Буьйса-борз т1ехъяьлча, 1уьйре»

т1еяро билгалдоккху, боданехь даьллина нохчийн адам

«1уьйренан серло» санна, т1едеанчу 1едало серладаккхар.

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)3. Дешнаш т1ехь болх бар.

Башлам - уггар лекхачу лайн ломан бухь.

Арц - т1ехь хьун йолу лекха лам.

Боьра - шина дукъа юккъера таь1на меттиг.

Товха - хьалхалерчу нехан пеш.

Пурстоп - меттигера паччахьан хьаькам.

1ин - ламанан къора йоккха к1орге.

Ирзу - хьуьна юккъера яьсса меттиг.

4. Жам1 дар.

1). Хьехарсахьтехь бинчу белхан мах хадор, жам1аш дар.

- «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин д1ах1оттам муха бу?

- Поэмин коьртачу турпалхойн васташ кхолларан х1ун

башхаллаш ю?

- Муха гайтина поэми т1ехь ц1ена безам а, тешаме

доттаг1алла а?

- Реза дуй шу поэмин турпалхочун Селехьатана?

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)- Авторан васт муха кхоьллина поэми т1ехь?

- Муха пайдаэцна поэми т1ехь нохчийн барта

кхоллараллех?

- Даймехкан 1аламан сурт муха гайтина поэми

т1ехь?

2). Дешархошна хьехарсахьтехь жигара дакъа лацарна

баркалла а олуш, комментарешца оценкаш х1иттаяр.

5. Ц1ахь бан болх балар.

1). Нохчийн поэтан Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн

лаьмнашкахь» поэмин чулацам хаар.

2). «Нохчийн лаьмнашкахь» поэми т1ехь автора васт»

сочинени язъян кечам бар.

3). Горгали бекарца дешархошца 1одика яр, уьш парг1ат

битар.

Урок: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. (9 класс)



 
 
X

Чтобы скачать данный файл, порекомендуйте его своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить материал