7


  • Учителю
  • Урок по чеченскому языку в 6 классе Хандешан йог1у хан

Урок по чеченскому языку в 6 классе Хандешан йог1у хан

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание:
предварительный просмотр материала

Наурски к1оштан МБОУ «Николаевски СОШ»













Йиллина урок

«Хандешан йог1у хан»

6 класс









Хьехархо: Мучураева Р.Т.





















Урокан ц1е: Хандешан йог1у хан.

1алашонаш:

1) Хааран: Хандешнийн хенаш билгалъяха хаар. Билгалдаьхна хандешнаш йог1учу хене х1итто 1амор. Йог1учу хенан ши кеп юй хаар.

1.Хила мега хан: х1ун дер ? х1ун хир ?

2.Хин йолу хан: х1ун дийр ду ? х1ун хир ду?

2)Кхетош - кхиоран: Ойла, тидам, йозанан а, барта а къамел кхиор; ненан мотт беза а, лара а 1амор, къамелан культура лакха яккхар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

Бераш, де дика хуьлда шун! Хьешашка маршалла хаттий вай? Хьеший шу марша дог1ийла! Вайн карахь ду хьаште а, пайдехь а урок д1аяхьар. Ойла а еш, тидаме, жигара, бертахь тобанашкахь болх бийр бу вай тахана.

</<font face="Constantia, serif">Вайна ма хаара 25- г1а апрель Президентан указца «Нохчийн меттан де» лерина вайн хьомечу Даймахкахь. Даймохк безар, хазбар, цуьнан сий дар, ирскхоллар - вайн вешан декхар ду, амма я къам а я мохк а хир бац, мотт ца хилча. Таханлерачу вайн урокан кхайкхам а бу: «Беза, лара, хаа - вайн нохчийн мотт.» Цу кхайкхамца д1айолор ю вай вешан урок.

Д1аязде таханалера терахь, классера болх, амма тема вайна т1аьхьо гучу ер ю, цундела мог1а буьтур бу вай и д1аязъян.

  1. Хаарш карладахар.

Фронтальни хаттарш:

-Хандош стенах олу?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Хандешнийн муьлха хенаш 1амийна вай?

Шу партнаш т1ехь тесташ ю, аш цу юккъера нийса жоьпаш харжа а хоржуш билгалдаха деза.

  1. Хандош олу.

а) Х1уманийн билгало гойтучу дешнех.

б) Х1ума билгалъечу дешнех.

в) Х1уманийн дар я хилар гойтучу къамелан декъах олу.

2. Т1ехтохам, х1ара дош муьлха къамелан дакъа ду.

а) Хандош.

б) ц1ердош.

в) дешт1аьхье.

3.Предложенехь муьлха меже хуьлий лела хандош.

а) къастам.

б) латтам.

в) сказуеми.





4.Хандешнийн муьлха хаттарш ду къастаде.

а) Мила? Х1ун? Муьлш?

б) Муха? Муьлха? Хьенан? Стенан?

в) Х1ун до? Х1ун дина? Х1ун дийр ду?

5. Хандешнийн яханчу хенан хенаш ю.

а) Цкъа яхана хан, юха яхана хан,иштта яхана хан, д1аяхана хан,схьайог1у хан.

б) Х1инца яхана хан, гуш яхан хан, хьалха яхана хан,яхана яьлла хан, яхана ялаза хан.

Нохчийн литературехь халкъан барткхолларалла 1амочу урокашкахь вай 1амийна ненан маттах лаьцна кицанаш.

1-ра тоба.

1)Хазачу дашо лам башийна. 2)Хазачу дашо лам дашо бо.

2 -г1а тоба.

3)Стеган дагара матто схьадуьйцу. 4)Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто эзар вийна.

Т1едиллар: хандешнаш а, церан хенаш а билгалъяха.

Дешнаш т1ехь болх: тосадала - хаадала, акростих-лакхара охьа дешца ц1е а, муьлхха а дош гучудолу.





  1. Мотиваци: хьалхе кечам бинчу дешархоша сценка гойту.

Сценка «къамелан дакъош».





Автор: Цхьана майданахь лаьттара

Ц1ердош, хандош, билгалдош.

Уьш дагардан х1оьттира

Ц1ерметдош, терахьдош.

Терахь:

Ц1ердош, хьуна х1ун дина,

Хьо ма ч1ог1а г1елделла?

Ц1ердош:

Х1ун? мила? муьлш? -хаттаршна

Жоьпаш лоьхуш к1адделла.

Терахь:

Х1ей, билгалдош,ахь х1ун до?

Хьо ойлане х1унда го?

Билг:

Сан цу х1ора ц1ердешан

Гайта деза билгало.

Автор:

Дедда лелаш кхин цхьаъ го,

Тамашийна къамел до.

Цо ша шега хаттарш ло,

Жоьпаш аша даладо.

Хандош:

- Х1ун до? Х1ун дин? Х1ун дира?

Доьшу, веди, кхоьссира.

Х1ун динера? Х1ун дина?

Яздинера, воьссина.

-Дикчу к1анта х1ун дора?

Дайн г1иллакхаш лардора.

-Вайн бераша х1ун дийр ду?

Бертахь дика доьшур ду.

Автор:

Ткъа терахьдош цецдаьлла.

Цо лелочух шекдаьлла.

Улло доьдий, хотту цо:

Терахь:

Хьо эг1ийна шайт1ано?

Автор: Х1а-х1а, со ца эг1ийна,

Я цхьаммо ца 1ехийна.

Со къамелан дакъа ду,

Амма сан исс хаттар ду.





Массо тайпа хан гойтуш,

Цу хенашкахь болх бойтуш.

Сецна латта сан йиш яц!

Со-хандош ду, мукъа дац!





Хьехархо:

Массо а тайпана хан гойтуш хилча хандешан муьлха хан йисна вай 1амонза? Хьан эр дара таханлерачу урокан ц1е муха хир ю?

Урокан ц1е а, 1алашо а кхайкхайо (слайд гойту).





  1. Керла коьчал йовзийтар:

Х1ун гойту.



1-ра кеп

хаттарш

масалш

2-г1а кеп

хаттарш

масалш

Йог1у хан

Г1уллакх, къамел динчул т1аьхьа кхочуш хилар гойту.



Хила мега хан:



х1ун дер?

х1ун хир?

Хинйолу хан:



х1ун дийр ду?

х1ун хир ду?









Вог1ур, дуьйцур, оьцур,

Шеллур.

Вог1ур ву, дуьйцурду,

Оьцур ю,шел

лур ву.





Схьаелла аг1о 158, д1аеша бакъо





  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар:

Дешархочо йоьшу стихотворени:

Ненан сибат, ден г1иллакх

Дицдина лелашверг

Нехан махкахь веха,

Нехан маттахь века,

Нехан меттахь 1уьллу,

Нехан кхерчахь вохло,

Нехан шуьнехь вузу.

Т1едиллар: хандешнаш схьаязде, уьш йог1учу хенан хинйолчу кепе даха.

6. Сада1аран миноташ: Вай жимма садо1ур ду, ас хандешнаш дуьйцур ду.

Хенашкахь, карарчу хенан хандешнаш дуьйцуш куьйгаш хьала дахийта, яханчу хенан хаьн т1е дахка, йог1учу хенан хандешнаш дуьйцуш белшаш т1е дахка.

7.Учебникца болх бар: шар. №308 лахахь далийна хандешнаш яханчу хенан шинна а кепе а дохуш схьаязде. 10 дош .

8.Кхеторан диктант. Матто йина чов. (дешархочо йоьшу текст)

Чаной, стагий доттаг1алла тесна. Чане хьошалг1а кхайкхина стага. Эх1, ма боьха хьожа йог1у кхунах аьлла зудчо туйнаш а тосуш.Ча дегабаам а бина д1аяхна.Цул т1аьхьа хьуьнах вахана стаг, дечиг а доккхуш, чанах б1аьрг а тухуш. Ча шен доттаг1 гича хазахетта мара а иккхина,

Хьастаелла, ч1ог1а дехар дина коьртах диг тохахьара шена аьлла.

Стага ца тоьхча ца вуьтуш диг тоьхна йоккха чов йина. Цхьа хан яьлча, вовшахкхетча стага хаьттина, хьан чов йирзний аьлла. Дагаро йинарг -м йирзина,- аьлла, жоп делла чано.

-Дийца х1ун ала г1ерта автор?

Т1едиллар: хьалхара предложени д1аязъе, синтаксически талла;

Х1ара хандешнаш д1анисде йог1учу хенан шина кепе:

Яздийр ду, вохлур, дехар ду, 1емар ду,доьшур, г1ур ву, толлур, дуьйцур ду, соцур, ягор,бохур ду;





Кхоллараллин болх:

Хазалло синтем сан бахьна,

Еза хьо, б1аьстенан зама,

Нохчийн мотт б1аьстенан зезаг,

Аренца кхуьуш ду г1оза

Ша мохо бацалахь лестош.





Легаде дожаршкахь - хенаш- боху дош.

9. Ц1. д. хенаш

Дл.д. хенийн

Л.д. хенашна

Др.д. хенаша

К.д. хенашца

Х.д. хенех

М.д. хенашка

Дс.д. хенел

Синквейн

Мотт

Хаза, мерза

Буьйцу,1ема,хаьа

6. Жам1 дар. Кластер (хандош)

Муьлха хенаш 1амийна вай? Карара хан, яхана хан цуьнан кепаш,йог1у хан цуьнан кепаш кластер т1ехь билгалйоху.

7. Рефлекси.

Шуна х1ун аьлла хета, вайн 1алашо кхочушхиллий?

Шаьш шайн оценкаш яхка.

8.Ц1ахь бан болх балар: Мини сочинени «Сан ненан мотт-дозалла».

9.Урок ерзор.

-Вайн урокан кхайкхам бийцал («Беза,лара, хаа хьайн ненан мотт»)

-И дешнаш йог1учу хене даха.

Дика бераш ду, Дала ирсе, дукха дахадойла шу!



 
 
X

Чтобы скачать данный файл, порекомендуйте его своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить материал