7


  • Учителю
  • Урок на тему: Литературни меттан лексикан тайпанаш. 10 класс

Урок на тему: Литературни меттан лексикан тайпанаш. 10 класс

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание:
предварительный просмотр материала

10 кл. Урок№ терахь



Тема: Литературни меттан лексикан тайпанаш.

1алашонаш:

1аморан: 1. Литературни меттан лексикан тайпанех юкъара кхетам балар.

2. Уьш вовшех къасто а хаар;

Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

2.Шайн маттахь долу керла а, ширделла а дешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;

Кхетошкхиоран: 1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна

йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;

2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.

Урокан тайпа - керла тема Iамор.

Урок д1аяхьар.

Ойла тIеерзор (мотивация)

Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!

Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю

Коьртаца ойла ян еза,

Дагалацам хила беза,

Дуьйцург дагахь латто деза,

Рог1ера беркате урок.

I. Ц1ахь бина болх таллар.

14-г1а шардар толлу

Карладаккхарна хаттарш:

1.Стенах олу лексика?

2.Муьлха тайпа дешнаш девзи вайна?

3.Масалш даладе нийса а,тардинчу а маь1нехь лелачу дешнийн.





II. Керла коьчал йовзийтар Хьехархочо довзуьйту литературни матто дахаран массо а декъехь г1уллакх деш хилар,цуьнга хьаьжжина шайн-шайн тайпанашка уьш декъадалар а,иштта довзуьйту, юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу аг1онашкахь буьйцучу литературни меттан тайпанех литературни меттан стилаш олуш хилар а, ткъа уьш 1амочу 1илманан декъах стилистика олуш хилар а.

Литературни меттан къастош йолу коьрта стилаш ю барта къамелан а, книжни меттан а стилаш. Книжни меттан стилашна юкъайоьлху литературни меттан 1илманан а, г1уллакхан а, публицистически а стилаш.

Исбаьхьаллин стило шатайпа меттиг д1алоцу адамийн дахарехь. Иза синкхачаман стиль ю ала мегар ду, х1унда аьлча дешнаш нийса харжа хааре терра, дог-ойла а, синхаам а дика къасторе хьаьжжина, х1уманан сурт х1отторе а, къеггина, бакъ васт гайтаре а хьаьжжина, дешархочун даг т1е кхочуш хуьлу произведенин дешнаш.

1амийнарг т1еч1аг1дар

1.Слайдаш т1ехь болх

2.Кхочушдо 16-г1а шардар

Рефлекси

1.Муха хийти шуна вайн урок?

2.Ца кхеташ дисина х1умма а дуй?

3.Буй вайн мотт уггаре а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?

Синквейн

  • СТИЛЬ

  • БАРТА КЪАМЕЛАН, КНИЖНИ МЕТТАН

  • IАМАВО, КХИАВО, ПАЙДАОЬЦУ,

  • ДАХАРЕХЬ УГГАРЕ МЕХАЛА ГIИРС

  • МОТТ





III. Ц1ахь бан болх-

- Кхочушде 17-г1а шардар,7-г1а бакъо 1амае

§7. Ш. 17







 
 
X

Чтобы скачать данный файл, порекомендуйте его своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить материал