7


  • Учителю
  • Урок по чеченскому языку на тему 'Ц1ердешнаш кхолладаларан некъаш'.

Урок по чеченскому языку на тему 'Ц1ердешнаш кхолладаларан некъаш'.

Автор публикации:
Дата публикации:
Краткое описание:
предварительный просмотр материала

Нохчийн меттан урок


5 класс


Тема: Ц1ердешнаш кхолладаларан некъаш.


1алашо: дешархойн ц1ердешнех долу хаарш т1еч1аг1дар;


Ц1ердешний нийсааяздар ан а кхолладаларан а бакъонаш йовзийтар; дешархой кхетош-кхиор;нохчийн матте, Даймахке безам кхиор.


Т1ехьажаман г1ирс: ц1ердешний кхолладаларан таблица, кехаташ, журналаш, орфографин дошам.


Урок д1аяхьар

  1. Ц1ахь бина болх таллар

§56-57, 258-г1а шардар


  1. 1амийнарг карладакхар

- Ц1ердош стенах олу?

- Мила? муьлш? боху хаттарш муьлхачу ц1ердешнашна х1иттадо?

- Долахь , юкъара ц1ердешнаш муьлхачарехь олу?

- Ц1ердешнийн масса легар ду ? Дожар маса ду?

- Ц1ердешнаш предложенехь муьлха меженаш хила тарло?

- Оьрсийн маттера т1еэцна ц1ердешнаш муха яздо?


  1. Дешнийн диктант.


Г1ала, х1ордахо, дийцар,1алашо, мохк, къолаш, 1алам, аса, таллархо, говзалла, зудабер, пондарча, цхьогал, къоналла, т1ийриг, шура,ц1озам, Нохчийчоь, Даймохк, хьехархо, комбайнер, салти, халкъ, гергарло, башхалла, яздархо, т1емало, хелхарча.


- Муха кхолладелла билгалдаьхна дешнаш?

- Маса орам бу церан? Билгалбаха уьш?


4.Кхетор-кхиор болх д1абахар.


Даладо г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кхо кица.

-Г1иллакхца бен къонах хила вац.

- Нехан даг т1ера вожарал доккха вон дац.

- Болх бечу кхаьчча -болх бе, юучу кхаьчча яа.

Хьехархочун г1онца досту кицанийн маь1наш.


Хьехархочо: Ткъа хинца г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кхин хьан х1ун дуьйцур дара?

(Шина дешархочуьнга дуьйцуьйту шайна баккхийчаьргара хезнарш)


5. Керла тема йовзийтар.


Хь. Бераш, тахана вайн урокехь муьлха къамелан дакъа ду дуьйцуш?

Д. Ц1ердош

Хь. Вайна тахана муьлха тема ю аьлла хетта шуна?

Д. Ц1ердешнаш кхолладаларан некъаш.

Тайп-тайпанчу ц1ердешнаш кхолладаларан некъаш нийсаяздаран бакъонаш, таблицах пайда а оьцуш дешархошна йовзуьйту.

Йоьшуьйту 14-г1а §бакъо. Пхеа дешархочуьнга картошкашца болх бойту.

- Дош фонетически таллар

Къано,хох, б1аьсте, аьхке.


6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.


Далийначу дешнехь керла дешнаш кхолла: суффиксийн, дешхьалхенийн суффиксийн г1оьнца, лардаш вовшах тохарца.


Ловза, ала, жа, 1у, б1о, пайда эца, къора кхокха, г1о, таса, тоха, туьйра, лам, куьг, гу, кхосса, кхийса.

Масалла: Ловза-ловзар, ала-д1аалалахь, жа 1у-жа1у.

7. Урокан жам1 дар.

-Муха ду ц1ердешнийн кхолладаларан коьрта некъаш? Даладе масалш?

Шардар 264. кхочушдо


8 . Рефлекси яр.

- Тахана урокехь х1ун керланиг девзи шуна?

- Таханлерчу урокан мах хадош муьлха аг1онаш дика яра я муьлхарш кхетта хала яра аьлла хетта билгалйохур яра аша?

- Шуна ца кхеташ диснарг х1ун ду вайн таханлерчу темах?


9. Урокехь дешархоша бинчу белхийн маххадош оценкаш х1иттор.


Дешархойн жоьпашна хьаьжжина, царна х1иттош йолу оценкаш хилар дийцаре до хьехархочо.


10. Ц1ахь бан болх балар

§ 57-58, шардар 263

Анатаци.


Урокан 1алашо ю : барашна ц1ердош карла даккхар , цуьнан грамматически билгалонех кхетам балар , коьртаниг, мехалниг ц1ердешнийн цхьаллин, дукхаллин терахь довзийтар. Оцу урокехь дешархоша пайда оьцур бу керлачу дешнашца, уьш оьрсийн матте гочда цул сов цхьаллин терахьера дукхаллин терахье даха . Урок шин тобанехь д1ахьур ю. Ц1ердешнийн кхолладаларан некъаш бовзийтар. Бераша алсам пайда оьцу мотт кхиорехь а, матте болу безам совбаккхарехь а.




 
 
X

Чтобы скачать данный файл, порекомендуйте его своим друзьям в любой соц. сети.

После этого кнопка ЗАГРУЗКИ станет активной!

Кнопки рекомендации:

загрузить материал